ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь хенал а хьалха харжамаш хилийтарна дуьхьалбевлла нах


Хенал а хьалха Казахстанан президентан харжамаш дIабахьарна дуьхьал протесте бевлла Нур-Султанехь а, Алма-Атахь а. Оппозицин маршан иттанашкахь декъахой дIалецна полицино коьртачу шахьарехь, дуьйцу "Азаттык" радиос. Ницкъахошца протестхойн дийцарш хиллачул а тIаьхьа полисхоша иттех Нур-Султанехь лаьцна стаг дIахецна. Полицин автобусашкахь иттех протестхо вуьссу дIахецаза.

Лецнарш берриш а маьрша баххалц шаьш дIасадевр дац аьлла гулбеллачара. Шайгара чхьонкарш йиттина полисхоша цхьаболчу Нур-Султанехь лецначарна. Хьалхо гулбеллачарна дуьхьал веанчу прокуратуран векало дIахьедира, протестан акци "низамашкахь яц" аьлла. Ишта тIедожийра цо протестхошна дIасабохар. Делахь а адам лаьтташ дара.

Протесташ йоьлху Алма-Атахь а. Шина а митинге ваьлларг вара мел лахара а бIе вахархо. Казахстанан бахархошка карабогIучу беттан 9-чохь пачхьалкхан президент харжарна бойокт е бохуш, кхайкхамаш бора протестхоша. Гулбеллачара тIедиллина политикан тутмакхаш а, хьалхо хиллачу протестийн акцешкахь дакъалаьцнарш а маьршабахар а. Казахстанан шахьаран Астанан цIе Нур-Султан аьлла, хийцарна дуьхьал хиларх а лозунгаш хезайора митингехь.

Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь билгалдоккхуш ду халкъан цхьааллин де. Цуьнца доьзна официалан барамаш дIахьош бу пачхьалкхехь. Дезачу денца халкъ декъалдира Нур-Султанехь хьалхарчу президенто Назарбаев Нурсултана. Ишта къоме вистхилла карарчу хенахь Казахстанан лидер волу Токаев Касым-Жомарт а.

Байначу беттан юьххьехь дуьйна йолийна Казахстанехь хенал а хьалха пачхьалкхан президентан харжамаш хилийта дуьхьалболчийн протесташ. Акцин декъашхой тешна бу, харжамашкахь бакъйолу политикан конкуренци хир яц аьлла. Оцу бахьанашца урхалхочун декхарш кхочушдеш волу Токаев Касым-Жомарт президент харжарна кхоьру уьш.

30 шарахь сов президент лаьттинчу Назарбаев Нурсултана декхарш охьадехкира Зазадоккху-беттан 19-чохь. Делахь а шен карахь йитина цо дуккха а коьрта бакъонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG