ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко терроран лара мегаш бу Мисарара "Бусалба вежарий" болам


Мисара – Мисарахь бихкина "Бусалба вежарий" болам, КъахIира, 23Гезг2013
Мисара – Мисарахь бихкина "Бусалба вежарий" болам, КъахIира, 23Гезг2013

Iамеркан президент Трамп Доналд дагахь ву террорхойн ю бохучу юкъараллашна юкъатоха "Бусалба вежарий" болам, хаам бина КIайн ЦIийно. Цунна тIаьххье санкцеш а кхайкхо мегаш ю цу Мисарарчу ширачу бусалбан вовшахтохаллана.

"Президент дагаваьлла шен къоман кхерамазаллехула йолчу тобанца а, цуьнан сингаттамаш боькъучу регионерчу хьалханчашца а, ткъа хIинца чоьхьара процесс ю дIайоьдуш и сацам кхочуш барехула", - хаам бина КIайн ЦIийнан зорбан секретаро Сандерс Сарас.

Аль-Сиси Фаттаха Оханан-беттан 9-чу дийнахь дехар динера Трампе цу шинна хиллачу дIакIевлинчу цхьаьнакхетарехь, "Бусалба вежарий" болам терроран юкъараллин тептарна юкъатохахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бира Цхьанатоьхначу Штатийн лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочо, New York Times газето бина хаам тIечIагIбеш.

Цхьаьнакхетар дIадирзича Трампа элира, аль-Сиси тIехдика президент ву аьлла. Оццу хенахь конгрессан декъашхоша шаьш саготта хилар хаийтира Мисарахь адамийн бакъонаш талхош хиларна а, аль-Сиси дуккха а шерашкахь президент виса гIертарна а, Оьрсийчоьнера герз эца иза дагахь хиларна а.

Iамеркан аз портало яздарехь, "Бусалба вежарий" боламан цIарх президент хаьржина Мохьаммад Мурси даржера вохийначул тIаьхьа шо даьлча президент хаьржина аль-Сиси репрессеш латтош ву исламисташна а, либералан оппозицина а дуьхьал.

Iамеркан лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочо дийцарехь, "Бусалба вежарий" терроран тоба лара мегаш хиларо къовсамаш гIиттийна президентан администрацехь.

Президентан къоман кхерамазаллехула хьехамча волу Болтон Джон а, пачхьалкхан секретарь Помпео Майк а гIортор еш ву цу сацамна. Оццу хенахь Пентагонехь а, кхечу цхьайолчу министраллашкахь а мелла а сатухуш кеп лело еза аьлла хета.

Цхьа миллион гергга стаг шена юкъахь волу "Бусалба вежарий" болам Iедале беара президент Мубарак Хьосни даржах вохийначул тIаьхьа Мисаран кхузаманахьлерчу исторехь дуьххьара маьрша харжамаш хиллачул тIаьхьа. Амма хIинца и болам бихкина бу цу махкахь. Дуккха а цуьнан хьалханчаш а, эзарнаш агIончаш а латтош бу набахташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG