ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу депутато зуда ядийна


ГIалгIайчоьнан депутато меттигера яхархо ядийна, хаамбо "Интерфаксо". "Малгобекан кIоштахь нисделла зуда ядор. Цуьнца доьзал кхолла Iалашо хилла "Единая Россия" фракцин декъашхочун, депутатан. Болчу хаамашца, ядийнарг хьалхо Малгобекан кIоштан дарбан цIийнан коьрта лор лаьттина ю", - яздо агенталло.

Дийцарехь, ситуаци дIаерзийна, тIедогIучу кIирандийнахь ловзар дIакхайкхийна церан.

Регионехь дийца даьккхина хилларг, хIунда аьлча, шаьш парламентан депутаташа масийттазза дуьйцура, зуда ядийначунна таIзар чIагIдан деза бохуш.

Депутатна гIуда тоьхна – 200 эзар сом, ткъа цунна гIо диначарна тIедожийна 100 эзар соьмаш. ГIуда ца такхахь, тайпанах дIахадон кхерам бу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG