ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцовн цIарах совгIат лур ду Титиевна


Титиев Аюб

ЦIераш яьхна оппозиционер хиллачу Немцов Борисан цIарах хIора шарахь дала юкъадаьккхинчу совгIатан номинантийн. Оьрсийчохь демократин мехаллаш Iалашъярехь къонахалла гайтарна аьлла, 4-гIа шо а ду премеш дIасадоькъу. "Новая газетан" дешархоша къасторца 35 кандидаташлара пхиъ финале ваьлла. Оцу тептарехь ву, наркотикаш гучуевлла цуьнгахь аьлла, Нохчийчохь 4 шо хан тоьхна, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо, политикан тутмакх Титиев Аюб.

Шена дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла, дIахьединера Титиевс. Ишта финале бевлла коррупцица къийсам латто Фонд кхоьллина Навальный Алексей а, блогер, Либертарианан партин декъашхо Светов Михаил а, Карелера историк, бакъонашларъярхо Дмитриев Юрий а, "Открытая Россия" боламан федералан кхеташонан декъашхо Шевченко Анастасия а. СовгIаташ дIалуш церемони хир ю Боннехь Мангал-беттан 12-чохь.

2015-чу шарахь Москвахь вийначу политикан Немцов Борисан безамна юкъадаьккхина ду цуьнан цIарах совгIаташ далар. Премин коьрта Iалашо ю - маршо къуьйсуш нах Оьрсийчохь кIезиг цахилар юкъараллана дIакхайкхор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG