ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан тIеман базашка Гуьржийчохь куп тохийта реза яц президент


Гуьржийн политикаш дуьхьал бацахь а, Гуьржийчоьнан президент Зурабишвили Саломенна Iалашо йоцург хета Iамеркан тIеман базашка шайн пачхьалкхехь куп тохийтар. Гуьржийн лидеро дина цу кепара дIахьедар "Iамеркан аз" радиостанцина еллачу интервьюхь.

Шайн регионехь жигара хьийзачу террорхойн боламашна а, Оьрсийчоьнна а гергахь провокаци хета тарлун гIулчаш яха ца еза Гуьржийчоьно аьлла, билгалдаьккхина Зурабишвилис. Ишта цо дийцарехь, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа цкъа а дехар дина дац гуьржийн куьйгалле, шайн лаьтта тIехь тIеман базаш хIиттаяйта аьлла. Президентан дIахьедарна протест еш, шаьш цунах цакхетар дIахаийтина оппозицино. Парламентан "Европейская Грузия" парти йиллинчух цхьаммо, Гуьржийчоьнан Къоман Кхерамзаллан Кхеташонан хиллачу секретаро Бокерия Гигас журналисташка аьлла, рогIерчу оьрсийн агрессехь пачхьалкх Iалашъян таро йолчу Iамеркан тIеман базашка куп тохийта дуьхьал йолу Зурабишвили Саломе "Путин Владимирца юкъаметтигаш ца йохийта гIерта" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG