ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламхошца бертавахаро 17 шарна колоне кхачийна нохчо


Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказерчу гонан тIеман кхелехь дIайоьдуш ю суд. Ростох.
Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказерчу гонан тIеман кхелехь дIайоьдуш ю суд. Ростох.

Халифат кхоллархочун некъо эххаре а Оьрсийчуьрчу набахте валийна 29 шо долу нохчо

2014-чу шарахь, халифате ойла хиларна а, филмаша а дог иракарахӀотторна а Нохчийчуьра вахархочо Солтамурадов Шамила сацам бира Шема ваха. Изза динчултIаьхьа цунах дог даьлла болу кхин нах санна, иза Шемара цкъа дуьххьара дIавахара Туркойчу, ткъа цул тIаьхьа – Европе. Эххаре а Германера цунна депортаци йира Оьрсийчу.

Кхушеран Оханан-беттан 11-чу дийнахь Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан кхело 17 шо луьрчу хьелашкахь даккха колоне хьажийра Солтамурадов. Суьдо бехке вира иза Шеман территори тIехь "Исламан пачхьалкх" экстремистийн вовшахтохараллан могIаршкахь леларна.

Къайлаха тешаш

Талламо чIагIдарехь, 2014-чу шеран гурахь Солтамурадов Шема вахана хилла, леррина "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета дагахь.

"Цу вовшахтохараллан куьйгалло иза хьажийра терроран гIуллакхна Iамо Табка лагере. Лахьанан-беттан 11 дийнахь дуьйна ГIуран-беттан 20-чу дийне кхаччалц цо тоъал хаарш гулдира низамашца догIуш доцург лело. Оханан-беттан 6-чу дийнахь дуьйна Марсхьокху-бутт чекхбаллалц тIемашкахь дакъалаьцна Солтамурадовс, Калашников автомат а карахь, ларйина "Исламан пачхьалкхо" Iуналла дон территори", - аьлла ду "Кавказ.Реалиигахь" йолчу бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь.

Цу кепара жамIаш дина талламхоша, Саидов а, Алиев а, Гогов а цIерш йолчу тешаш дина тоьшаллаш бухе а дехкина. Гоговс кхел дIайоьдуш юхаийцира ша дина тошалла, иза ша ницкъаллин структурийн белхахоша Iаткъам бар бахьана долуш динера аьлла. Амма суьдо цуьнан дIахьедар шеконца тIеийцира, "цу гIуллакхехула долчу кхечу тоьшаллашца догIуш дац" хIинца цо дуьйцург аьлла.

2014-чу шарахь Товбеца-беттан 21-чу дийнахь Солтамурадов Туркойчу вахана хилла Минеральные Воды гIаларчу аэропортера. Цуьнан паспортана тIехь йинчу билгалонца, 2015-чу шарахь ГIуран-беттан 12-чу дийнахь Туркойчуьра Европе дIавахана иза, ткъа Чиллан-беттан 12-чу иза кхаьчна Германе. Кхин а 3 шо даьлча 2018-чу шарахь Чиллан-беттан 12-чу дийнахь Германин Iедалша экстрадици йина цунна Оьрсийчу.

Зене хьулдина Iар

Солтамурадовн гергарнаш хьулдан лууш хилла цуьнца хилларг. Цара дийцарехь, уьш тийшира, шайн кIант жоьпеллех хьалха воккхур ву, нагахь иза талламхошца бертавагIахь а, шаьш кечдинчу кхеташна тIе цо куьг таIадахь а аьлла, дош деллачу Федералан кхерамазаллин сервисан белхахойх.

Солтамурадовн адвокато Айдинова Эльвирас дийцарехь, карарчу хенахь иза латтош ву Ростох талламан изоляторехь.

"Иза (Солтамурадов) Гуьмсера вахархо ву. Шема иза вахана Нохчийчуьра. Цуьнан гIуллакхехула таллам бина Черкесск гIалахь, коьрта теш Гогов Арсен цу гIалахь хиларна. Иза ФСБ-н белхахойн хӀилла дара. Берриг бехкаш дохкуш бухе диллина ду, кхаа тешо дуьйцург, царах шиъ Алиев а, Саидов а хьулвина теш ву.

Цу гIуллакхана анализ еш суна гучудаьлла, къайлаха волчу шина тешан цIерш Жангуразов Анзор а, Алигаджиев СаьIид а хилар. И шиъ теш ву кхин а маситта цу тайппачу гIуллакхашкахула, шайна юкъахь ас дакъалоцурш а долуш.

Царах ду ГIебартойн Балкхаройчуьра Гугов Ислам а, Султанов Алим а, хIоранна 17 шо а тухуш, чуволларца доьзна гIуллакх а. Ткъа цу тешах цхьаъ - Алигаджиев - теш вара Караулова Варварин бехктакхаман гIуллакхехула а", - дуьйцу адвокато Айдиновас.

Цунна хетарехь, и тешаш бозуш бу меттигерчу ФСБ-н урхаллан белхахойх. Цундела цара тоьшаллаш до, шайга дийца аьлларг а дуьйцуш.

"Джейш аль-мухаджирин валь Ансар тобанан декъашхо ша волуш, "Муазкар Сабри" (Исламан пачхьалкх тобанан Табка гIалара тIемалой кечбон лагерь) лагерехь волу Шамиль цIе йолу жима стаг гира шена, бохуш тоьшалла до Жангуразовс. Ткъа ша Жангуразов хилла Шемарчу Атма цIе йолчу гIалахь. Ас лерира цу шина гIалан юкъ – 7 сахьт ах сахьт некъ бу цу шинна юкъахь.

"Джейш аль-мухаджирин валь-Ансар" а, "Исламан пачхьалкх" а тобанаш цу хенахь вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьтташ яра. Цу кепара, маьршша Шеман территорина тIехула иза дIасалелийла дацара. Дуьххьарлерчу блок-постехь вен мегаш вара иза. Харц тоьшалла деш ву иза, УФСБ-н белхахошна болчу тамана, шен гIуллакхехула таIзар шена лахдайта гIерташ", - чIагIдо Айдиновас.

17 шо - дохковаларна

Оханан-беттан 17-чу дийнахь нохчочун гӀо лоцучу агӀоно аппеляцин латкъам бира, кхело бинчу сацаман бухехь ду тешаш хилар шайн болх бина волчу кхаа стага а, пачхьалкхо билгалваьккхинчу адвокатца цхьаьна, ша маьрша воккхур ву аьлла дош делча, ша Солтамурадовс а дина тоьшаллаш аьлла.

"Иза Iехийна, тилийна нагахь ахь хьой бехке хилар даре дахь, шаьш хьо дIахоьцур ву аьлла, хуьйцур ю луьра артикл мела а яйчуьнца аьлла. Кхело бина сацам бакъонехь а, бух болуш а бац. Солтамурадовс 2018-чу шарахь дийцинарг копи ю Гоговс 2016-чу шарахь дийцинчуьнан", - боху Айдиновас.

Суьдехь гӀо лоцу агIо Солтамурадовна биллинчу бехкашна юкъара дIаяккхийта гIерта терроран гIуллакхаш лело кечам беш цо дешна тIемалойн лагерехь, боху артикл. Иза ю Солтамурадовн тоьхначу ханна тIе 11 шо тохийтинарг. Аппеляци луьстур йолу де цкъачунна билгалдаьлла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG