Казахстанан Нур-Султанерчу юкъарчу хIусамехь цIе а яларан бахьанашца хьаьха газан дIавш даьлла 20 стаг дарбан хIусаме кхачийна, шайлахь 14 бер а долуш. Еарийдийнахь Байконыран кIоштарчу Досмухамедулан урамерчу 5-зза тIекIелйинчу юкъарчу хIусамера орца дехна хилла орцанхошка, яздо гIалин орцанхойн департаменто.
"КIелхьарваьккхина 32 стаг, шайлахь 28 бер а долуш. Шаьш арабевлла цу гIишлочуьра 350 бахархой", - яздо хаамехь.
Юкъарчу хIусаман шолгIачу гIат тIерача цхьана цIа чохь яьлла хилла цIе. Хьем ца беш, цIе дIаяйа аьтто баьлла орцанхойн, бахьанаш луьстуш ду.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!