ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно бакъ ца дина Шемахь шайн тIемалой байар


Шемарчу Хамехь герзаш диттина оьрсийн 4 эскархо вийна аьлла, хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци бакъ ца йина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. "ТIаьххьарчу заманчохь Шеман территори тIехь Оьрсийчоьнан цхьа а тIеман гIуллакхдархо вийна вац", - аьллачу министраллан дешнаш далийна "Новости" агенталло.

Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIечIагIдира, Чиллан-бутт бовш Шемахь оьрсийн виъ эскархо вер. Гуманитаран гIо дIа а кхачийна, дийнахь юхабогIучу заманчохь кIелонна буха нисбеллера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG