ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн бешахь кIант гора а хIоттийна, лаьттах убанаш яхийтина зуда йохор ю балхара


Голаш тIе а хIоттийна, жимчу бере лаьттах убанаш яхийтина Краснодарерчу "Звездочка" берийн бешан куьйгалхо балхара дIайоккхур ю. "Кубанские новости" хаамийн гIирсе дийцина цунах гIалин дешаран депортаментан директоро Некрасов Алексейс. Цо бахарехь, гергарчу белхан деношкахь мукъайоккхур ю иза даржах. Ишта Некрасовс хаамбина, берийн дайша-наноша полицига динчу муьлххачу а арзна шен департамент тIетовр ю аьлла.

"Берийн бешан куьйгалхо маьттаза лела, беран сийдойуш, психикан тIеIаткъамбина ца Iаш, цунна тIе куьг а хьош. Цул совнах, цо аьшнашдо диссина бераш а цхьана", - аьлла хьаькамо.

Де хьалха YouTube-каналехь Iораяьккхира берийн бешахь куьйгалхочо жима кIант гора а хIоттийна, нуьцкъаша цуьнан корта лаьтта а теIош, хьо кхобучу лаьттана уба ала бохучу хенахь яьккхина видео. Видео тIехь гуш ду, оцу жимачу кIанте масийттазза "ГорахIоттта, боьха хIума" бохуш, куьйгалхочо иза аьшнашвеш. Дайша-наноша нийса кхиош дац бераш аьлла хетачу зудчо, "боьха хIумнаш" бохуш, сийсаздо кхидолу бераш а.

ТIаьхьа, шегара бехк баьккхича, берийн бешан куьйгалхочо дIахьедина, ша таIзаре хIоттийна кIант "амал вуон йолуш ву", "Оьрсийчоь шена ца еза" аьллера цо бохуш.

Инцидент ма-ярра толлуш ю полисхоша. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутато Бессараб Светланас прокуратуре дIахьедина, оцу хьаькамо лелийнарг акхаралла ю аьлла. ГIуллакх толлуш ю ишта берийн омбудсмен Ковалева Татьяна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG