ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн Iедалхой бехкебо бусулбанашна тIехь электронан терго латторна


Пачхьалкхан къилба - малхбузерчу Синцзянан провинцехь бехачу бусулбанашна тIаьхь терго латторхьама мобилан телефонан леринчу программех пайдаоьцур бу Китайн Iедалхоша, чIагIдо бакъонашларъяран Human Rights Watch (HRW ) организацино. Синцзянан бахархойх "кеп-кепара информаци гулъян" аьтто бийр бу Iедалхоша оцу программин гIоьнца, ишта терго латтор ю церан дIасабахарна а, цара лелочунна а тIехь а. Integrated Joint Operations Platform цIе йолчу программаца тергалйийр ю регионерчу бахархойн мобилан телефонаш а, компьютерш а. Нагахь цхьа шеко хаалахь - хуьлийла и къамелаш дечу хенахь, церан балхаца доьзна, ур-атталла, хIусамехь сов ток ягош хилахь а, - сигнал лур ю оцу программо. "Шеконашка" эцначу нахана тIаьхь терго латтор ю къайлахчу сервисаша.

ТIаьххьарчу заманчохь даим а дуккха а хаамаш оьху, "политикехь кхетош-кхиоран" каппех лаьцна. Синцзянехь сепаратизм гIаттарна кхоьруш, Iедалхоша цига хьийсабо кегийчу къаьмнийн векалш: уйгураш, казахаш, гIиргIазой, монголаш. Доккхачу декъанна, оцу каппашкахь лекцеш йоьшу Китайн компартех, патриотикан иллеш олуьйту, китайхойн маттахь бен къамелаш ца дойту.

Бакъонашларъярхойн хаамашца, оцу лагершка тIаьххьарчу шерашкахь миллион гергга стаг хьажийна. Верриг а оцу регионехь веха 13 миллион бусулба стаг, коьртачу декъанна уйгураш.

И каппаш, кегийн къаьмнийн векалш бахьана долуш, йа дин бахьана долуш царна тIаьхьадовла Iалашонца йиллина яц шаьш бохуш, бехкаш дIатоьтту Китайн Iедалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG