ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан экономикан министр дIалаьцна


Министр Хасбулатов Осман
Министр Хасбулатов Осман

Махачкалан кхело шина баттана чохь вуьтур ву республикан экономикан министр Хасбулатов Осман. ТАСС агенталло бина и хаам. Талламчаша дехнера кхеле иза лацар. Пачхьалкхан контракташ кхочушдечу юкъанна 20 миллион сом къайладаккхарна шеконашка эцна Хасбулатов Осман. Дагестанера вада дагахь хиллера министр, полисхоша Москва доьдучу кеманчуьра охьаваьккхина хилла иза.

Стохка дуьйна ву Хасбулатов Дагестанан экономикан министран даржехь. Регионан социалан-экономикан кхиорехь доккха дакъа лаьцна ву аьлла, совгIат дина а ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG