ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазахь хиллачух Facebook-хь шен ойла йовзийтина "Имедин" продюсер дIаяьккхина балхара


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

"Имеди" телекомпанин «Схва ракурси» (политикан йоцу шоу) программан хиллачу продюсеро Степнадзе Майяс шен Facebook-рчу агIонехь девне дIахьедар даржийна, яздо Маршо Радион "Эхо Кавказа" портало, "Грузия онлайн" хаамийн агенталлана тIе а тевжаш.

Степнадзес яздо ша балхара дIаяьккхина хиларх лаьцна, ПIаьнгазан чIожехь полицица тасадаларш хиллачул тIаьхьа цигарчу бахархошна тIехIуттуш ша социалан машанехь хаам битарна.

"Со балхара дIаяьккха даьхьна шу, Facebook-хь йитинчу постана тIехула, ас мах хадорна пачхьалкхана дуьхьал хьажийна, зуламе, мехкан цхьаалина дуьхьал хьажийна Iедалша ПIаьнгазан чIожехь Оханан-беттан 21-чу дийнахь лелийначун, ас сайн махкахочун позици гайтарна, пIаьнгазоша парламентан хьалха дIаяьхьначу акцехь ас царна тIехIуттуш къамел дарна!

Шу даьхьна, шу тIекхевдина сан маршонна! Аш йохийна сан коьрта бакъо – дешан маьршо, хетарг ала йолу бакъо! Шу даьхьира, аш элира соьга иза юьдуьххьала, хаздан ца гIерташ, кхин бахьана лохуш къа а ца хьоьгуш! Аш со балхара дIаяьккхина, со яхьарна, къайладахийта а ца гIерташ, сайна хетарг дIаала.

Официалан а, официалан боцу а "Имедина" урхалла дечу аш сацам бира суна масаллан таIзар дан, эхь ца хеташ карарчу хенахь долу Iедал бакъдеш йолу кху телевизионан цхьа а могIарера белхахо а, журналист-патриот а, ша балхара дIаваккхарна кхоьруш, ца вахьийта маьршша шена хетарг довзийта. ГIуллакх хир дац!!! Арахь дерг ду XXI бIешо!!!", - яздо Степнадзес.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG