ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху беттан 6-чохь мархийн хьалхара де хила тарло аьлла муфтиято


Мехкан кIошташкарчу къедашца а, маьждигийн имамашца а, дешаран хьукматийн белхахошца а дIаяьхьначу кхеташонехь Нохчийчуьрчу Динан урхалло дIакхайкхийна мархийн хьалхара де кху беттан 6-чохь долалуш ду аьлла. Нагахь цхьана кепара хийцамаш хаалахь, хьалххе бахархошка дIахоуьйтур ду шаьш аьлла, тIе а тухуш.

Иштта муфтийс Межиев Салахьа тIедиллина шен гIовсна, имамаша бечу балхана тIехь а, маьждигашкахь санитарин хьолана а тIехь терго латтор.

Мархийн баттахь, хууш ма хиллара, яарца а, маларца а, леларца а, багара йолучу Iаьнарца а цхьацца декхарш ду.

Рамазан бутт марха кхабар парз дина хилла хӀиджратан шолгӀачу шеран шаIбан баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG