ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн бешахь жима кIант аьшнашвинарг бехказа йоху дайша а, наноша а


Краснодарерчу лоьмар 7 йолчу берийн беша лелачу цхьана беран дас "Говорит Москва" радиостанцига хаамбина, ша а, кхидолчу берийн дайша, наноша а кечъеш петици ю, кIант гора а хIоттийна, цуьнга лаьттах убанаш яха баьхначу куьйгалхочунна Мильнер Эммина тIехIуттуш аьлла.

Скандале яьлла зуда шен "балхана чу са диллина ю, берашна тIе аз айдинчу белхахошца дов а латтош" аьлла цо. Цунна хетарехь, оцу тобана юкъара кIант берийн кочаоьхуш хиларна, цо шен леларца оьгIазъяхийтина хилла иза.

"Дукха проблемаш ю и кIант бахьана долуш. Кху Iай а хиллера цигахь конфликт. Кхечу берийн кочаоьхуш бен Iаш вац и кIант. Цхьана баттахь Iаржвелла лийлира сан доьзалхо иза летта. Цул тIаьхьа массо а вовшех хьирчина, дерриг а хийцаделла, дIанисделира цигахь. ХIинца хIара шолгIа конфликт ю", - аьлла къамел динчу, Мильнера ша профессионале гайтина цахилар билгалдоккхуш. ХIетте а цо доьху, иза балхара дIа ца яккхар.

Маршо Радионо яздира, де хьалха YouTube-каналехь берийн бешахь куьйгалхочо жима кIант гора а хIоттийна, нуьцкъаша цуьнан корта лаьтта а теIош, "хьо кхобучу лаьттана уба ала" бохуш, Iораяьккхинчу видеох

Цу тIехь гуш ду, оцу жимачу кIанте масийттазза "ГорахIоттта, боьха хIума" бохуш, куьйгалхочо иза аьшнашвеш. Дайша-наноша нийса кхиош дац бераш аьлла хетачу зудчо, "боьха хIумнаш" бохуш, сийсаздо кхидолу бераш а.

Голаш тIе а хIоттийна, жимчу бере лаьттах убанаш яхийтина Краснодарерчу "Звездочка" берийн бешан куьйгалхо балхара дIайоккхур ю аьлла, яздинера хаамашкахь. "Кубанские новости" гIирсе дийцина цу инцидентех гIалин дешаран депортаментан директоро Некрасов Алексейс. Цо бахарехь, гергарчу белхан деношкахь мукъайоккхур ю иза даржах. Ишта Некрасовс хаамбина, берийн дайша-наноша полицига динчу муьлххачу а арзна шен департамент тIетовр ю аьлла.

"Берийн бешан куьйгалхо маьттаза лелла, беран сийдойуш, психикан тIеIаткъамбина ца Iаш, цунна тIе куьг а хьош. Цул совнах, цо аьшнашдо диссина бераш а цхьана", - аьллера Некрасов Алексейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG