Ша зуда ядийна яц, "исламан динехь" маре йигина аьлла, дIахьедина ГIалгIайчуьрчу депутато, "Единая Россия" фракцин декъашхочо Дарсигов Мохьмада "Интерфакс" агенталле. "Тхайн динан ламасташца там-мах бина, ЗАЗС-ехь регистраци ца йойтуш", - аьлла парламентхочо.
Маршо Радионо еаридийнахь яздира, "Интерфаксан" информацина тIе а тевжаш, ГIалгIайчоьнан депутато меттигера яхархо ядийна аьлла. Болчу хаамашца, ядийнарг хьалхо Малгобекан кIоштан дарбан цIийнан коьрта лор лаьттина ю, тIедогIучу кIирандийнахь цушинна ловзар хир долуш ду", - дуьйцура агенталло.
Регионехь резонансе даьккхира хилларг, хIунда аьлча, шаьш парламентан депутаташа масийттазза дIахьедира, зуда ядийначунна таIзар чIагIдан деза бохуш.
Агенталлан хьосташа дийцарехь, депутатна гIуда тоьхна – 200 эзар сом, ткъа цунна гIо диначарна тIедожийна 100 эзар соьмаш. ГIуда ца такхахь, тайпанах дIахадон кхерам бу уьш.