ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша Радио: дуккхаъчу мехкийн Iедалхой юкъагIерта журналистийн белхашна


Радио Свобода медиакорпорацин президент Синделар Дейзи
Радио Свобода медиакорпорацин президент Синделар Дейзи

Журналистийн балхана юкъа а гIерташ, церан кхерамзалла ца ларйо дуьненчуьрчу дуккхаъчу Iедалхоша аьлла, маьршачу зорбан денна леринчу шен дIахьедарехь Радио Свобода медиакорпорацин президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис.

"Свобода Радионо иттанашкахь шерашкахь Iорадоккху кхерамаш лаьттачу мехкашкара хьал, атта хIума дац иза. Iедал адамца дера хьийзаро, журналисташна дуьхьал буьйлу зуламхой а таIзаре ца хIотторо йолчу тIе а йохайо журналистан бакъдерг дийца таронаш", - аьлла ду Синделаран дIахьедарехь. Ишта карладаьккхина медиакорпорацин президенто тIаьххьарчу шерашкахь Радион белхахошна деттачу дозанех а.

Хьахийна 2014-чу шарахь дуьйнна фрилансер йолчу Псковра Прокопьева Светланина дуьхьалдаьккхина бехктакхаман гIуллакх. "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь стохка гурахь цо елла комментари бахьана долуш, терроризм бакъйина цо аьлла, бехкейина иза.

Архангельскерчу ФСБ-н гIишло хьалха динчу терактах шена хетарг аьллера Прокопьевас. Политикан режимо лело репрессеш бахьана долуш а, оьрсийн кегийрхошлахь хьал хийцалур долуш дац аьлла, коьрте иккхинчу ойлано а дайтина хир дара, ша а вуьйш, къайлахчу сервисийн гIишло чохь 17 шо долчу кхиазхочуьнга зулам аьллера хIетахь журналисто.

Оьрсийчохь дукха хан йоццуш "шен лаамехь интернетах" тIеэцначу керлачу низамо а сагатдойту, Синделара бахарехь.

Бакъонашларъярхой тешна бу, социалан машанашкахь цензура латто Iедалхойн кхи а цхьа аьтто баьлла аьлла, и низам тIеэцарца.

Дуьненаюкъара маьршачу прессан де билгалдоккху 1994-чу шарера схьа дуьйнна хIора Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь. 1993-чу шарахь ООН-ан Инарла ассамблейс юкъадаьккхина ду и де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG