ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новозеландерчу маьждигехь лазийначех кхи цхьаъ а велла


Кху шеран Зазадоккху-беттан 15-чохь Новозеландерчу Крайстчерчан маьждигехь динчу тIелатарехь байинчийн терахь совдаьлла. Туркойчуьра вахархо Туран Зекерия велла цу терактехь йинчу чевнех аьлла, хаамбина Anadolu агенталло.

Когах а, букъах а чевнаш йинера Туранна. Веллачун вашас дийцина агенталле, операци ечу заманчохь дIаиха доладелла цIий сацо аьтто ца хилла лоьрийн аьлла.

"Цунна гIоле ю бохуш, самукъадаьллера тхан. 50 дийнахь къийсам латтий цо шен могушаллица. Оха а, лоьраша тхайн ницкъ берриг дира", - аьлла вашас.

Веллачух кадамбина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.

Зазадоккху-беттан 15-чохь Крайстчерчерчу шина маьждигехь гулбеллачаран тIе герзаш а диттиа, къайлавала гIоьртинера Австралин вахархо Таррант Брентон. Полицина каравеара иза. Карарчу заманчохь лаьцна латтош ву.

Зулам динчу деношкахь верриг а велларг 50 стаг вара Новозеландехь, болчу хаамашца, хIинца 51 ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG