Аналитикаша билгалдоккху, санкцеш дукхачу хьолахь оьшу жамIаш дохьуш цахилар
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда шен арахьарчу политикан Iалашонашка кхочуш сих-сиха лелайо экономикан санкцеш, тIеман ницкъ лелор буьззинчу барамехь дIатаса мегар доцу вариант юьсуш хилар бигалдоккхуш. Делахь а, аналитикаша дийцарехь, цара даима а ца дохьу лууш долу жамI, ткъа наггахь цара цакхеташ а кхуллу бертахошца, яздо "Iамеркан аз" портало.
Венесуэла
Венесуэла хьокъехь Трампа юкъаяьхначу санкцеша, шайна юкъахь Iамеркехь йолу цу пачхьалкхан мехкадаьттан активаш лелачу совцор а, ткъа иштта Гуайдо Хуан бакъболу мехкан лидер хилар даре дар а долуш, оппозици иракарахIоттийна.
Амма, санкцеш кхайкхоро цу пачхьалкхана экономикан зен дахь а, дуккха а адамаша дакъалоцу дуьхьалонан акцеш ялахь а цигахь дIайоьлхуш, алсам эскархой оппозицехьа бовлуш хиларх лаьцна хаамаш белахь а, социалист Мадуро Николас вуьсуш ву Iедалехь.
ГIажарийчоь
Трампа, шел хьалха хиллачу президенташца дуьстича, мелла а луьра дIахьош ду цхьана агIор кхайкхош йолу санкцеш ГIажарийчоь а, Венесуэла а, Куба а, Къилбаседа Корей а санна йолчу пачхьалкхашна дуьхьал яхар. Цул сов, цо кхерамаш туьйсу санкцийн раж йохош йолчу кхоалгIачу пачхьалкхашна.
ГIажарийчоьнца зарратан герз хьокъехь бинчу бартана Iамерка юкъараяьлча Трампан Iедало варе йира кхоалгIа пачхьалкхаш, шайна юкъахь Къилба Корей а, Япони а йолуш, уьш санкцеш кхайкхоран кхерамна кIеллахь ю, нагахь гIажарошкара мехкадаьтта эцар саца ца дахь аьлла.
Цхьана агӀонан санкцеша мелла беана а пайда беара, бертахошка ГIажарийчоьнна экономикан Iаткъам бойтуш, и пачхьалкх юхаяккха гIерташ зарратан герз да гIертарна тIера а, Гергарчу Малхбалехь йолчу тIеман тобанашна гIортор ярна а.
Куба
Кхаарин дийнахь Трампа кхерам тесира Кубина ша экономикан эмбарго юкъайоккхур ю аьлла, цу пачхьалкхан Iедалша Венесуэле Мадурон Iедална гIортор ян 20 000 эскархо хьажийна хила мега аьлла шеко йолуш.
Цхьаьнатоьхначу Штаташа иштта дIахьедар дира, 60 шо хьалха Кастро Фиделан коммунистийн Iедал хIоьттинчул тIаьхьа шайн Куберчу бахамах яьллачу Iамеркерчу компанешна бакъо яла дагахь ду шаьш кхелашка йовла аьлла, тIаьхьо дуьненаюкъарчу компанийн дола баьлла и бахам, шайна юкъахь Европера а, Канадера а компанеш а йолуш, юхаберзор Iалашонца.
Кубина а, ГIажарийчоьнна а дуьхьал яьхначу гIулчаша Iамеркан бертахойн компанешна дина ца Iаш, зен дан мега ш ду шайн сурсаташ духкучу рынкех йовла мегачу Цхьаьнатоьхначу Штатийн компанешна а.
Къилбаседа Корей
2017-чу шарахь Трампан администраци коьрте хIоьттира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло Къилбаседа Корейна дуьхьал кхайкхийна санкцеш шорйеш къахьегарна. Царна юкъахь дара цу махкара экспорт еш долу дукхах долу сурсаташ эцар сацор а, ткъа иштта Пхеньянан тIеман программина гIортор ярна Китайна а, Оьрсийчоьнна а дуьхьал цхьана агӀонан санкцеш кхайкхор а.
Гарехь, цу гIуллакхо гIо дира Пхеньяне ракеташ а, зарратан герз а зер сацадойтуш. Цул сов, Къилбаседа Корей реза хилира зарратан коьчалла цу махкара дIайоккхуш хир долчу дийцаршкахь дакъалаца. Делахь а дагадовларш маслаIат ца карош дисна, Вашингтоно санкцеш малъяле хьалха дерриг а зарратан герз дIадаккха деза аьлла тIедожийча.
Аналитикаша дийцарехь, санкцеша экономикан зен дийр далахь, дукха баккхийн хийцамаш бохьур бац цара. ТIехул тIе, цхьа хан яьлча и гIулчаш лахара эвсаралла йолуш хуьлу, санкцеш ловш йолу пачхьалкхаш цара дохьучу зенах ларъяла Iамарна.