ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикерчу кхело лаьцна гIалгIайн жигархо Дзейтов Руслан


Полисхочунна тIелетта аьлла, бехкевина гIалгIайн жигархо Дзейтов Руслан шина баттахь чохь вуьтуш сацамбина Нальчик гIалин кхело. Маршо Радионо яздира, Зазадокху-баттахь мехкан куьйгалхочуьнга дарж охьадиллийта митинге бевлларш дуьхьал хиллера Iедало акци дIаяхьа елла хан чекхъяьллачул тIаьхьа дIасабоха аьлла. Оцу бахьанашца тийсадаларш нисделлера гулбелллачарна а, полисхошна а юкъахь. Цхьа могIа жигархой, шайлахь протестийн хьалханча Барахоев Ахьмад а волуш, леца болийра. Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ балийна аьлла, бехкебеш бу уьш.

Нальчикан кхело шина баттана чохь вуьтуш ву Дзейтов аьлла, хаамбина цуьнан адвокато Цороев Виситас. Лакхарчу кхеле латкъамбан дагахь ду тхо аьлла юристо.

Адвоката "МБХ-медиа" хьостане дийцарца, Дзейтов бехкево полисхочунна дуьхьал летта аьлла. Оцу артикло итт шаре гергга набахтехь яккха хан кхачачайо. Карарчу беттан 2-чохь дуьйна лаьцна ву жигархо.
"ФортангаORG" тelegram-канало оцу дийннехь Iорабаьккхира и хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG