ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лепс Григорийна Литва некъ бихкина


Лепс Григорий
Лепс Григорий

Шайн пачхьалкхе вар Литвас дихкина Оьрсийчоьнан музыкантна Лепс Григорийна, хаамбо LRT канало. Санкцийн документна куьйгяздина пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Мисюнас Эймутис, арахьарчу гIуллакхий министраллан дехарца. BNS агенталле арахьарчу гIуллакхийн урхалхочун гIовса Скусявичюс Дарюса дIахьедина, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа 2013-чохь "Iаьржачу тептаре" ваккхаран бух тIехь тIеэцна сацам бу иза аьлла. Оьрсийн зуламхойн тобанца иллиалархочун уьйраш ю аьлла, бехкево иза Вашингтоно. Лепса бехк тIе ца буьту. Ша низамаш лардархо ву аьлла, дIакхайкхийра музыканто 2013-чу шарахь.

"Нагахь со Iамеркан финансийн министраллана зуламхо ву аьлла хетахь, Синатра Фрэнк схьа а ахкий, иза а набахте волла", -аьллера Лепса.

Лепс Григорий - Советан заманара схьа дуьйнна шансонехь а, оьрсийн поп-музыкехь а иллеш олуш ву. Forbes журнало 2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан коьртачу иллиалархойн тептарехь 4-чу меттигехь дIатарвира иза.

Оьрсийн миллиардерашца Махмудов Искандерца а, Бокарев Андрейца а тасаделла гергарло бахьана долуш, музыкехь карьера ян аьтто хилла цуьнан аьлла, яздо зорбанаша. Ткъа и шиъ Испанин прокуратурано зуламхойн тобанашца воьзна ву аьлла, шеконе эцна.

2012-чу шарахь Путин Владимиран харжаман кампанехь дакъалецира Лепса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG