Стохка гурахь Iаьржачу хIорда тIехь Оьрсийчоьно дIалецначу Украинан тIеман кеманех а, церан экипажах а хIордан бакъонашкахула йолчу Дуьненаюкъарчу трибуналан ладегIаршкахь дакъалоцур дац Оьрсийчоьно. Украинан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Зеркаль Еленас дина и дIахьедар Фейсбукехь. Кху беттан 10-чохь Гамбургехь дийца буьйлалур бу хIордхойн гIуллакх. Шаьш бина сацам трибунало бовзуьйтур бу карара бутт бале аьлла арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало.
Оьрсийчоьнан агIор цхьа а декъашхо цахиларо, новкъарло йийр яц вердикт хIоттош аьлла, тIетоьхна Зеркаль Еленас. Шина а агIонан аргументаш - документаш, къамелийн шифраш а йиллина хир ю цу ладегIаршкахь.
"Тхо дехарш деш дац, оха катоххий тхайн хIордхой маьршабаха боху, хIордан бакъонан ООН-ан Конвенцино ма хьоьхху", - аьлла, билгалдаьккхина Зеркаль Еленас.
ЛадегIаршкахь хила Оьрсийчоьнна ца лааро, гIуллакх легитиме хилар лах ца до, аьлла министран гIовса. Цунна хетарехь, нагахь трибунало Украина бакъ яхь, Оьрсийчоьно керлачу президенте ларам беш санна, хIордахой схьалахь а, дуьненан юкъараллана дерриг а ма-дарра хууш хир ду.
Хьалхо керла хаьржинчу Украинан президенто дIахьедира, шен коьрта Iалашо - Украинерчу тIамехь лецна йийсархой а, хIордхой а цIаберзор хир ю аьлла.