ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН: миллионашкахь Къилба Корейрчу бахархошна тоьаш яц сурсаташ


Къилба Корейра (КНДР) 10 миллион сов (40 гергга процент) бахархой даим а бала хьоьгуш бу кхачан сурстаташца, тIаьххьарчу иттех шерашкахь ялта цакхиарна хьал де дийне эшна догIу. ООН-ан рапорт тIехь
Дуьненан кхачан программан а, къаьмнашна юкъарчу кхачан а, юьртбахаман организацин а миссийн Къилба Корейхь долчу хьолах ООН-о хIоттийначу рапорт тIехь бу цу кепара хаамаш. Байначу баттахь дуьйнна болх бира эксперташа Пхеньянехь.

КНДР-ехь къоьлла хьоьгучу бIеннашкахь бахархошна гIо латтадо дуьненаюкъарчу организацеша. Дукха хьолахь бу царлахь зударий а, бераш а. Дарбан хIусамашка а, берийн бошмашка а дIакхачайо кхачан сурсаташ.

"Зарратан программа кхио гIертачу цара адамийн интересаш тидаме ца оьцу" аьлла, Къилба Корейн Iедалхошна бехк буьллу Iамеркан пачхьалкхан департаменто махкахь къоьлла хIоттарна.

1990-чу шерийн юккъехь Къилба Корейхь хIоьттина мацалла бахьана долуш, долчу терахьашца, велира 3 миллион гергга вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG