ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шаьш тIелатар дина боху даIишо, ткъа мехкан Iедалхоша иза бакъ ца до


Шайн тобанхоша байначу беттан 22-чу дийнахь тIелатар динера Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанна уллохула йоьдучу кхаа эскархойн машенна аьлла, дIахьедина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Directorate телеграм-канало бина цунах хаам, радикалашца доьзначу al-Naba газетана тIе а тевжина.

ГIаттамхойн кIелоне нисбеллера кхаа машенахь боьлху нохчийн эскархой аьлла ду бинчу хаамехь. ТIелатар дина царна пулеметца тохарш деш, оцу инцидентехь машенаш чохь хилла цхьаберш байина, вукхарна чевнаш йина. Ишта билгалдаьккхина даIиша, шаьш тIелатар дина нах "динах бевлла, Кадыров Рамзанна муьтIахь" бара аьлла.

"Дождь" телеканале мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретаро Керимов Iаьлвис дIахьедина, цу кепара тIематасадаларш хилла дац аьлла.

Телеграм-каналан авторша а билгладоккху, al-Naba-н информаци цхьаммо а тIечIагIйина яц аьлла. Цара карладоккху, Коломнерчу цIа чохь эккхийтар шаьш динера аьлла, даIишхоша дIакхайкхор. Ткъа орцан министраллехь тIечIагIдира,оцу гIишло чохь газ яра иккхинарг аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG