ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанехь къаьмнашна юкъа цим тасарна бехкевина ГIалгIайчуьра вахархо


"Одноклассники" олучу социалан машанехь къаьмнашна юкъахь гамо гIатторна бехкевинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна административан гIуда тоьхна Карабулакан кIоштарчу кхело. Лингвисташа чIагIдарца, оцу социалан машанехь комментари йитина хилла вахархочо, цхьахдолчу къоме цабезам, мостагIалла карзахдоккхуш. "Ингушетия" интернет газетано бина и хаам, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххойн информацех пайда а оьцуш.

Дуьйцуш дац, мича барамехь гIуда дожийна бехкевечунна тIе. Зуламан Кодексан цу кепарчу артиклехь 10 эзарера 20 эзар соьме кхаччалц гIуда кхачадо вахархочунна, йа 100 сахьтехь маьхза белхаш бойту, йа 15 де а, буьйса а доккхуьйуту чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG