ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Superjet-100 даьгча дийна висина 37 стаг - Талламан комитет


Оьрсийчоь – Superjet-100 догуш ду Шеремьетьевохь, Москва, Стиг.5, 2019.
Оьрсийчоь – Superjet-100 догуш ду Шеремьетьевохь, Москва, Стиг.5, 2019.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето хаам барца, Москох Шереметьево аэропортехь "Аэрофлотан" некъахойн кема Superjet-100 (Сухой Суперджет) даьгначул тIаьхь дийна висина ву 37 стаг. Верриг а цу кеманна тIехь хилла 78 стаг – 73 некъахо а, экипажан 5 декъашхо а.

Хьалхо Талламан комитето хаам бинера, цу бохамехь 13 стаг велла аьлла. Таьххьарчу ,бинчу хаамехь кхелхинчеран терахь хьахош дац. "Интерфаксо" дийцарехь, велларг 41 некъахо хила мега.

Москвара Мурманске доьду кема хIаваэхь дохар бахьана долуш Шереметьевохь охьахаош цIе яьлла даьгна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG