ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саьхьан а, кафаратан а барам хIоттийна Нохчийчуьрчу муфтиято


Туркойчоь -- Мархийн баттахь Туркойчохь латош Iедал долу чиркх бу богуш Истанбулерчу уггар девзаш долчу Султан Ахьмадан маьждиган уллехь.
Туркойчоь -- Мархийн баттахь Туркойчохь латош Iедал долу чиркх бу богуш Истанбулерчу уггар девзаш долчу Султан Ахьмадан маьждиган уллехь.

Нохчийчуьрчу исламан динан дайша барам хIоттийна мархийн бутт чекхболуш лур долчу саьхьан а (закат аль-фитр) а, марха кхаба аьтто боцуш висинчо луш долчу гIудан (кафаратан) а. Сахь хир ду 100 сом, ткъа кафарат - 50 сом. Цунах лаьцна хаам бо "Кавкаказский узело".

Нохчийчуьрчу муфтиято кхеторца, Мархин бутт чекхболуш доккхучу саьхьан барам бу 3 кила кIа, ткъа кафаратан 1 кила кIа. Ахчанца иза дан лууш болчу бусалабанашна сахь хир ду - 100 сом, ткъа цхьацца бахьанашца кхабаза дисинчу хIора марханах луш долу гIуда (кафарат) хир ду 50- сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG