ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахтадзе: ПIаьнгазахь хилларг хилийта йиш йолуш дацара


Гуьржийчоьнан премьер-министр Бахтадзе Мамука.
Гуьржийчоьнан премьер-министр Бахтадзе Мамука.

ПIаьнгазахь хилийта йиш йоцург хилла, амма таьхьарчу хенахь латтийначу зIенаша аьтто бо сан чIагIдан, шеко а йоцуш, цу халонах вай хьалхадевр хиларх лаьцна, аьлла дIахьедар дина Гуьржийчоьнан премьер-министро Бахтадзе Мамукас "Имеди" телекомпанин эфирехь, хаам бо "Грузий онлайн" агенталло.

Бахтадзес дийцарехь, Iедалан органаш къастош бу хилларг хIун дара бохучун тIаьхьакхиа гIерташ, ткъа хан тIекхаьчча юкъараллана дерриг а дуьйцур долуш ду.

"Иза (ПIаьнгазахь полицин белхахой, бахархойх латар) догIуш дац вайн дIадаханчуьнца а, карарчу хенахь долчуьнца а, хин долчуьнца а, ткъа иштта вай кхуллуш йолчу пачхьалкхаца а. Къаьсттина ларам хилар хаийта льа суна вайн мехкан берашна, оцу вуно хазачу меттехь дехачу. Гуьржийн юкъараллана гира вуно ирчан сурт, ткъа иза, дера, хилийта мегар доцуш ма ду", - аьлла Гуьржийчоьнан премьер-министро.

Цул сов, Iедалан куьйгалхочо билгалдаьккхина мехкан экономика кхиар дозуш хилар кхин а алсам электроэнерги яккхарца. Амма иза хир дац бахархошна а, Iаламна а эшам беш аьлла цо.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, ПIаьнгазахь Биркиани эвлан йистехь жима электростанци йилларна дуьхьалбевллачу меттигерчу бахархойн а, полицин а тасадаларш хилира Оханан-беттан 21-чу дийнахь. И бахьана долуш лазийнера 55 стаг – 38 полисхо а, 17 меттигера вахархо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG