"Оьрсийчоьнан 2019-чу шеран дитт" къовсамехь дакъалоцуш ду историн мехала долу 12 дитт. Царна юкъахь ду Веданан садаIаран бешахь (паркехь) лаьтташ долу хьех.
Къовсамехь дакъала къастийна дитташ тIехь долу тептар тIечIагIдина Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь горга стол дIахьош лерринчу сертификацин комиссино, яздо "Регнум" агентало, къовсам вовшатоьхначарна тIе а тевжаш.
Веданарчу хьехан 144 шо ду. Цуьнан локхалла ю 37 метр. Дитт лаьтташ долу садаIаран беш йиллина 1859-чу шарахь Веданан гIоьпехь куп тоьхна хиллачу Оьрсийн паччахьан эскархоша, Кавказан сардало Баратянскийс омра а делла.
Нохчийчоь йоцург, къовсамехь дакъалоцуш ду кхин а 11 регионера дитташ. Цуьнан жамIаш довзуьйтур ду кху шарахь ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь. Къовсаман Iалашо ю Оьрсийчуьрчу бахархойн гонахара Iалам лардарна тIе тидам бахийтар.