ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-центр: Шемахь тIеман операци дIаерзорехьа бу ах сов Оьрсийчуьра бахархой


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьно Шемахь дIахьош йолу тIеман операци дIаерзо еза аьлла хеташ бу дукхахаболу цу махкара бахархой. Иза гойтуш бу Оханан-баттахь "Левада-центро" бина таллам.

ТIеман операци дIаерзийча дика хир ду аьлла шайн ойла гайтина 55 процент социологаша шайга хаттар деллачу наха. Иза кхин а дIаяхьа еза аьлла жоп делла 30 процент респонденташа.

Ши шо хьалха Оьрсийчоьно Шемахь тIом сацо беза аьлла, хеташ бара оцу тайппанчу талламехь дакъалаьцна 49 процент Оьрсийчуьра бахархой.

Оьрсийчоьнан Iедалша Шемахь хуьлучух лаьцна лелош йолчу политикана гIортор еш бу ах сов эккхаш хаттар динарш, 35 процент бу буьззинчу барамехь, я цхьадолчун тIехь и политика нийса ца хетарш.

"Левада-центро" талламна юкъаозийначу наха дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь лахделла церан Шемахь хуьлучуьнца бала хилар.

Оьрсийчоьно тIеман операци дIайолийра Шемахь 2015-чу шарахь Гезгмашин-баттахь. ТIеман гIо деш ду Шеман президентан Асад Башаран эскарна.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимир цу махкахь тIеман операци йолош далийна бахьана дара терроризмца къийсам дIабахьар. Амма Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша тохарш деш ду Асадана дуьхьал тIом бечу тIеман тобанашна.

ТIеман кеманхой боцурш, Шемахь бу Оьрсийчоьнан тIеман хьехамчаш а, тIеман полицин эскархой а, ткъа иштта, дуккха а хаамашкахула, тIеман министраллаца официалан кепара йоьзна йоцчу долахь йолчу тIеман компанийн эскархой а.

Кхаа шарахь ах шарахь тIом беш Асадан эскарша шайн Iуналле эцна Шеман территорин ладаме дакъа. Амма тIемаш дIабоьлхуш бу оппозицин тIеман тобанаша шайн Iуналлехь латточу къилбаседа-малхбузехь йолчу Идлиб провинцехь.

Путин шозза дIахьедар дира Шемара эскарш арадохуш хиларх лаьцна. Делахь а цу махкахь болх беш ю Оьрсийчоьнан авиабаза, ткъа иштта дIатарйина ду Оьрсийчоьнан тIеман полицин дакъош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG