ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министр Цихелашвили цхьаьнакхетта ПIаьнгазарчу бахархошца


ПIаьнгазарчу бахархойн митинг. Архивера сурт.
ПIаьнгазарчу бахархойн митинг. Архивера сурт.

Махкахойн цхьатерра бакъонаш хилийтаран а, маслаIатан а хаттаршкахула пачхьалкхан министр Кетеван Цихелашвили хилла оршотан дийнахь ПIаьнгазарчу Джоколо эвлахь. Меттигерчу бахархошца цо дийцаре дина цу кIоштахь хIоьттинчу хьолаца доьзна цхьамогIа хаттарш.

Болчу хаамца, цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара ПIаьнгазан чIожехь бехачу нохчийн къаной а, зударийн кхеташонан декъашхой а.

Дагадовларш дIадахьаран бен кхин некъ бац, ницкъ бар я Оханан-беттан 21-чохь хилларг саннарг лело мегар долуш дац аьлла, дШахьедар дира Гуьржийчоьнан министро. Цунна реза массо а ву, аьлла хета шена бохуш яра иза. Цихелашвилис юха а хьахийра ПIаьнгазан регион кхион леррина план кечйина хиларх лаьцна Гуьржийчоьнан Iедалша.

ДIабаханчу беттан 21-чу дийнахь, шайн ярташна гергахь ток йоккху хин станци ярна дуьхьал арабевллачу меттигерчу бахархойн а, полицин а тасадаларш хиллачул тIаьхьа, цхьацца гIулчаш а йохуш, цигарчу бахархошца юкъаметтигаш дIанисъян гIерташ ду Гуьржийчоьнан Iедалш.

Хьалхо ПIаьнгазарчу нохчийн тоба тIеийцира ерриг а Оьрсийчоьнан католикос-патриархо Илия шолгIачо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG