ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уггар а маьрша меттиг"


Оьрсийчохь дихкинарг кхузахь магош ду. Могуьйтуш дац регионал арахьа дукха хьолахь леларг а. Дуьххьара Нохчийчохь хиллачун битамаш.

Кхузаманан Нохчийчоьнах дукха яздеш хиларна, дерриг а цунах дийцина даьлла олий тарло. Делахь а, кIадбоцчу хIуманца тамашен башхаллаш гучуюьйлу кхузахь. Цхьана агIор диллича, могIарерчу бахархошна юкъара а хеташ, вукху агIор, республике оьху хьеший цец а бохуш.

Масала, цхьа хьашто кхочушъярна мах дIабалар а ду кхузахь къаьстина. "Сан карти тIе ахча кхосийша" олу цунах. Кафехь, ресторанехь, аптекехь карало ахча, йа телефонан лоьмар юьту оцу йохкархочун чоьта тIе даккхийта. Таксех ахча а дIадала тарло оцу кепашца.

"Банкан карти тIера ахча дIалуш система яц тхан. Оцу тароне ца кхаьчна тхо хIинца а. Цхьаъ эцча, тхуна карало ахча, йа тхан карти тIе доккху клиенташа. Бакъду цхьацца йолчу меттигехь картица дIаоьцуш а нисло. Маьрша, паргIат ду тхо долчахь", - дуьйцу Путинан цIарахчу урамехь йолчу кофейнехь болх бечу бармено.

Цхьа эффекте йолчу ресторанехь, йа кафехь бармено карта хьаладоккхушехь дехар до: "ХIан-хIа, сан телефонан лоьмар тIе дехаьадккхахьа". Луларчу банкомате хьодучул а атта а ду ишта, цигахь комисси дIаоьцу.

"Сира" сим-карташ а, маьхза Wi-Fi​ а

Оьрсийн мобилан операторан сим-карташ маьршша духку Соьлжа-гIаларчу базаран кIоштахь а, автовокзалехь а. Паспорт дIакховдича, иза тергал а ца до. ГIопасти бухара схьаэцначу хьакхаделлачу тептар тIера сим-картана активаци яран, куьйгаязйина инструкци дIайоьшу хьуна. Активаци йо ас, робота маршалла хотту соьга "Привет, Хьава" олий. Хьалхо "Фатима" нисъеллера.

ХIаъ, шен цхьа дика агIо а ю цуьнан. Бакъволчу долахочун цIехьулйина а юьсу, нагахь цхьанна оьшуш делахь. Бакъду, нагахь телефон яйна, йа хьан карта даьгна меттиг нислахь, юхаметтахIотто таро ца хуьлу хьан, хIунда аьлча и карта цIар тIехь долчу долахочун паспорт оьшуш хиларна.

БIеннашкахь шайн цIарах карташ а оьцуш, уьш дIадухку йохкархоша нах гуллучу меттигашкахь.

ЗIенан операторан векало тIечIагIдира, эцна лоьмар шайн компанин долара а ю, нагахь официалан салоне и стаг вагIахь, сим-картан долахочун цIе хийца тарло аьлла. Йохкархо а декхаре ву, и телефонан лоьмар юхкучу хенахь динчу контрактан копи яла. Ткъа оцу документца шеко йоцуш карта хийца тарло, и карахь долчун цIе тIе а язъеш. Хьалхо компанино дIахьедора, сим-карташ дола а а ца дохуш, духкучу контрагенташца къийсам латтош ду шаьш аьлла.

Юхадухкучарна гIуданаш детташ, цаьргара эцначу сим-карташна блок тухур ю аьлла. Делахь а, "ЗIенах" долчу низамехь цкъачунна дихкина дац карташ юхадохкар, амма низамашкахь хийцамашбар дийцаре деш ду.

Нохчийчурчу хостелашкахь а, кхечу меттигашкахь а Wi-Fi-на тIетасалучу хенахь оьшуш дац хьайн телефонан лоьмар чуязъян, йа цхьа кхечу кепара регистраци ян а. Меттигерчу къевлинчу зIенах тасалун некъаш хьоьхур ду хьуна бармено, йа отелан белхахочо.

Йоллу республикехь маршо хиларх тешаво оцу зIенан сферехь могуьйтучу хIуманаша.

Хьешан хIусамехь видеокамераш

Нагахь кхечу регионашкахь дихкинарг кхузахь дан магош делахь, Оьрсийчохь магориг дихкина ду Нохчийчохь.

Масала, къаьркъа. ГIалин ресторанашкахь иза духкуш гур дац хьуна. Массо а дIавоьлла оцу бехкамах. Бусулбачийн регионехь шен ламасташ ду. Тхуна гучуделира, цхьа могIа хьешан хIусамашкахь корта бахо маларш мийла могуьйтуш дац, ур-аттала, ша лаьцначу хIусамехь а. Отелан стоьл тIехь А4 форматехь Iуьллучу кехат тIехь дIахьедина ду "Алкоголан маларш мийлар луьра дихкина ду" аьлла.

Сурт ду даьккхина - тIе сиз хьаькхна шиша а, стака а долуш. Кегийчу элпашца билгалдаьккхина бухахь: "Видеокамераца латтош терго ю" аьлла.

Йоза лаьтта хIусаман чохь а. Пенашка а, лаьтта а, тховх а бIаьрг туху ас: Мичахь ю камера? Стенгахь латтош ю терго? ХIун хир ду, нагахь пивон банка ас ястахь, масала?"

Соьлжа-гIалара хостел – нах бехачу хIусамехь ю. Чоьнаш чуьрчу корашкахула арахьаьжча гуш ду Путинан цIарахчу урамехь дIатоьхна Кадыров Рамзанан доккха сурт.

Ткъа хьаштагIахь дехха яздина йоза лаьтта: "Доьху шуьга, цигаьркаш цаийзар отелехь а, хьаштагI чохь а. Тхан хьешан цIа – могушаллин хIусам ю. Делахь а, чохь цигаьрка ехкар оцу цхьана бахьанца доьзна ца Iа. Шун кхерамзалла ларъярал совнах, коьрта бахьана ду - шун лулахой. Цигаьркан хьожа а, кIур а хала лов и узуш воцчо.

Наггахь нисло отелехь кегий бераш долуш а - ойла ян еза церан а. Тхайн ма-хуьллу отель чувеанчунна эвсара хилийта гIерта тхо. Тонкийн хьожа дIайоьллачу хIусамехь ваха а дегаза ма хуьлу. Цул а, йитийша цигаьрка!!! Ахча кхоорхьама. ХIунда аьлча, хьешан цIийнан территори тIехь кIур беш гинчунна тухуш гIуда ду – 5000 сом. Нагахь цIеяларан сигнализаци латахь, орцанхой бух боцуш кхайкхарна а гIуда охьадилла дезар ду".

Масала, Махачкалерачу хостелашкахь, оццул деха кехаташ а ца яздеш, цигаьркана тIехьаькхна сиз ду. Кхеташ ма ду ишта а.

Соьлжа-гIаларчу хьешан цIийнехь хьо дIатарлучу заманчохь портьес хьан паспортан сурт доккху. Стенна до ахь и хаьттича, жоп ло: "КIоштан полисхочуьнга дIакхачо деза. Оха массеран а паспортан скриншоташ дIатосу цуьнга". Гойту хьуна вотсапан мессенджер, бакъду, дIатесира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG