ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархийн бутт болабаларца мехаш хьалабевлла Нохчийчохь -- Кавказский узел


Соьлж-ГIалара бахар. Архивера сурт.

Цхьадолчу кхачанан сурсатийн мехаш хьалабевлла Нохчийчохь Мархийн бутт болабаларца. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело", меттигерчу бахархошна тIе а тевжаш.

Ишшта, цхьана яхархочо дийцарехь, церан луларчу туьканахь бежанан жижиган мах хьалабаьккхина цхьана туьманна – 280 соьман тIера 290 соьме. УьстагIан жижиган мах цкъачунна хийцабелла бац - 400 сом. Кхечу туьканахь 2 туьманна язйелла кемпеташ.

"Кавказский узело" яздарехь, меттигаш ю, Мархийн бутт тIекхачарца доьзна, мехаш охьадаьхна а. Масала, цхьана стага WhatsApp-ла шен телефонан номер яьржийна, бежанан жижиг духкур ду ша Мархийн баттахь 250 соьмах аьлла (юккъерчу барамехь 30-50 сом дораха).

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG