ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ткъес, цIе, чамданаш. ХIун бахьана ду оццул дукха нах кеман чохь баларан?


Москварчу Шереметьевон аэропортехь хиллачу бохамах дуьйцу эксперташа а, журналисташа а

Москвара Мурманске доьдучу кеман трагеди. 41 стаг ву велларг. Мурманскехь тезет ду. Хиллачу катастрофех коьрта версеш йовзийтина талламо: экипажан а, техникан гIуллакхдархойн а компетенте цахилар, кеман кхачамбацарш хилар, хенан хIоттам йочане хилар а.

Шайн чамданаш схьаэца гIертачу пассажираша дехьаволийла дIакъовларна, дукхахболчийн ка ца елира кеманчуьра арабовла аьлла тешаша.

Ишта хила тарлучу бахьанех дуьйцу авиацин эксперто Лукашевич Вадима а, Flight International газетан журналисто Карнозов Владимира а, "Новая газетан" Мурманскерчу корреспонденто Брицкая Татьянас а, 1-чу классан летчико Литвинов Андрейс а, кхиболучара а.

Рыковцева Елена: Нормативашца 90 секунд ю, ткъа оцу 55 секундах дуьйцу цхьа тIехдоккху хIуманах санна. 55 секундехь кхочушйина цара операци?

Лукашевич Вадим: Сийсазалла ю иза, хIунда аьлча, хIокху ситуацехь Аэрофлот тапъаьлла Iен езаш ю. Эвакуацин ситуацехь авиацин норматив 90 секунд ю, боллу кеман чохь болчу нахах хьакхалуш ю и. И бохург хIун ду, нагахь цу чохь 78 стаг хиллехь, царна массарна а яйа езарг ю 90 секунд. Операци 55 секундехь дIаяьхьна бохуш, кхийкхош делахь а, дийна боллушехь баьгна хьан ах сов пассажираш. Ала тарлора, дуьххьарлера 5 пассажир 15 секундехь кIелхьарваьккхира, 6-зза совдоьвлла тхо нормативашкахь. Норматив айхьа тIехсов кхочушйина алахьа хIинца баьгначу 41 стеган гергарчаьрга, церан дог эца иза а алий. Йа 90 секундехь а, йа 9 сахьтехь а 78 стаг кIелхьарваккха ницкъ ца тоьъна хьан. Цундела и дина дIахьедар суна, жоьпалла доцуш, эхь ца хетарца, сийдоцуш ду аьлла хета.

Рыковцева Елена: "Аэрофлотан" хилла стюардесса Магурина Евгения ю тхоьца зIенехь.

Магурина Евгения: Сайн коллегашна тIехIуттуш ала луур дара суна, и луш йолу 90 секунд – массо а неI болх беш а йолуш, пассажираш арабаха луш хан ю. Ткъа вайна гуш ду, 4 неIарх шиъ бен еллалуш яц. Делан къинхетам бу, и ши неI мукъна а схьаеллаелла. Асанех кема дIакхеттачул тIаьхьа тарлора цу шинан неIаран а зайл дIакхета, тIаккха йа 90 секундо а, йа цхьана сахьто а, йа шина сахьто ситуаци хуьйцур яцара. Делан къинхетам бу, и ши неI мукъна а схьаелла оцу зудаберийн ка яьлла.

Ала догIу, хаамийн гIирсашкахь дуьйцу, велла стюард шен ма-хуьллу тIехьара неI елла гIиртира тIаьххьалц бохуш, и бакъ дац. ХIунда аьлча, ботргIуллакххочун инструкцица а догIуш, ишта хьал тIехIоьттича, уггар а хьалха цо дан дезарг - иллюминаторна тIе а вахана, арахьара хьал таллар. Нагахь цигахь цхьа кхераме хIума делахь, цо елла ца еза и неI, мелхо а оцу неIарна блок а тоьхна, пассажираш кхечу араволийла йолчу хьовсо беза цо. Цо ишта дан а дина. Цундела журналисташна хаа еза и специфика. Со тешна ю, шайн ницкъ берриг дина борта тIерачу зудабераша. Максима а тIаьххьалц кхочушдина шен профессионалан декхар, шега далург дерриг а дина цо. Цхьана хIуманах кхетийша, адам робот ма яц.

Рыковцева Елена: Хьо нийса ца кхеттачух тера ду, стюардашна цхьана а кепара бехкаш дохкуш дац тхо. Салон чуьра кадраш гина тхуна: пассажираша шайн багаж схьаоьцуш оцу готтачу дIасаволийлехь дуьхьало а йина. Централан каналан цхьана корреспонденто тидам бинера, трап тIехула чухехкалучу нехан. Пхи стаг катоьхна чувогIу, 6-ниг аравалале дикка хан юкъа юлу, юха иза гучуволу шен чамда а карахь. Юха а, юха а изза хуьлура. Беллачеран, массеран а ца боху ас, дуккхаъчийн секундаш ю уьш оцу пассажираша лечкъийна, шайн чамданаш схьаэца гIертачу хенахь, хан а яйина. Ахь ма-дарра ала лаьара суна, бортгIуллакхдархоша олий цаьрга, лакхара багаж чохь йолу неIарш схьа ма елла. Шун декхар дуй, ишта ситуаци хIоттахь, багаж ма хьеелаш дIаолуш пассажирашка?

Магурина Евгения: Кхузахь гушдерг, кема охьадоссо меттиг кийча цахилар ду. ХIоьттинчу хьолехь, стюардаш декхарийла бара "хIара де", "важа де" аьлла, цаьрга дIакхайкхо. Нагахь наха дикка цаьрга ладоьгIнехь, хезаш ду: "Доьхканаш дIадаста. Мачаш когара дIаяха. Йоллу хIума Iадйита. Арадовла" бохуш. Хала хеташ делахь а, массарна а ца лаьа и информаци хаза. Кхеташ ду, паникехь хьалхара инстинкт муха хуьла - хьайн хIуманаш схьа а эцна, вада веза олий. Ткъа кху ситуацехь, бортгIуллакхдархой декхарийла бацара салон мел ю дIаса а уьдуш, багаж чохь йолчу яьшканийн неIарш чIогIуш хьйиза.

Церан Iалашо яра - хьал зен а зийна, неI схьа а йиллина, нахана эвакуаци яр.

Рыковцева Елена: Ас даим а къуьйсур ду, инстинктах дерг. Документаш чохь а долуш, хьан голаш тIехь Iуьллу тIоьрмиг. Цунах ка а тухий, йоду хьо. Амма дийнависа лааран инстинкт ю, вадар а, хьайна тIаьхьа нах буйла хаар а.

Магурина Евгения: Нийса ду, ирча хIума ду, кеман хьалха хевшинчара тIехьа хиллачийн дийна биса бакъо дIаяккхар. Муха латтор бу ахь цуьнца къийсам? Стюардан статус вай долчахь чIогIа лахара ю, пассажираша ла а ца дугIу цуьнга, царна хетарехь, стюардесса борт тIехь хи, йа кофе латто бен яц.

Рыковцева Елена: Iаламат догIийжаме ситуаци ю хIара.Масех шарахь цу кепара аварин хьелашкахь догу кема охьадосоран истореш зийна ас, нах кIелхьарбаьхначул а тIаьхьа кема эккха а эккхий, догуш. ТIехдика аьттонца операцеш дIаяьхьна. Операцин аьтто хилар наха шайна стюардаша тIедиллинарг маса кхочушдарна дара.

Лукашевич Вадим: "Зимняя вишня" центрехь а адамашна эвакуаци ечу меттана бахам бара кIелхьарбоккхуш. Ишта ду-кх вай, халахеташ делахь а. БортгIуллакхдархочо дукха нийса элира, 90 секунд норматив луш ю, маса неI ю а, дIасалеларан юкъ муьлхачу шораллехь ю а хьаьжна. Хьала а гIаьттина, хьуна дIаваххал бен кхи меттиг ма бац цигахь, ткъа ахьа массо а хIума дIатекхайо хьайца. Со тешна ву, оцу чуьра схьа мел эцначу чамданца цхьана стеган дахар хадийна аьлла. Вайн чIагIдан йиш яц, нагахь оцу наха шайн бедарех ка ца йиттинехь, массо а дийна вуьсур вара аьлла. Бакъду, оцу чамданаша кхечарна йогIу секундаш дIаэцна, хIунда аьлча кеман цIоганех цIе яьллера. ОхьаIаьнна мехкадаьтта делахь, кемано сихо йо догучу хенахь. Хьо дийна ву, амма са дукъло хьан. Цундела юьйцу 90 секунд муьлххачу а кеманна луш ю, хуьлийла хьан борт тIехь 300 стаг, йа 30, бен- башха дац. ЦIийца язйина инструкцеш ю. Шайца бераш а долуш, 41 стаг ву ваьгнарг. Цу тIехь велла стюард Моисеев баккъал а турпалхо ву.

Рыковцева Елена: Аренашкахула чамданаш текхош богIучу пассажираша дуьне Iадийна, бакъдерг дийцича. Иштта хиламаш хуьлу. Ас дешна, Паччахьаллин авиацин юкъаралло билгалдаккхарца, авари хуьлучу хенахь баларш дукха хиларан цхьа бахьана ду, цхьаболу пассажираш шайн чамданаш схьаэца гIертарна. Къастийна цара - оцу секундаша цхьаьннан дахар дIаэца тарло аьлла. Боккха къинхетам бу, аренашкахула чамданаш текхош боьлхурш санна сурт цхьа наггахь бен ца нислуш.

Лукашевич Вадим: Шен белхан низамашца а догIуш, люка герггахь латта безаш ма бу бортгIуллакхдархой, пассажирашна аралелха гIо а деш. Нагахь церан карахь чамданаш елахь, цаьрга тIаьхьарниш сеца ца байта, уьш кхуьйсуш, дIаяхийта декхаре бу уьш. Амма бакъду, пассажиро шеца бедарш схьаэцар - и оцу стеган лаам бу, хIинца кхечу нахана цо дуьхьалбаьккхина кхоллам а хуьлу-кх и.

Рыковцева Елена: Евгения, оха кадам бо хьоьга, хьан белхан накъост ву велларг. Массара а тергоне лаьцна хIинца хьан коллегаш. Со догйовха ю, цаьрга цхьана а кепара претензеш хир яц аьлла.

Магурина Евгения: Комментареш йоьшуш Iаш ю со, ма-дарра аьлча, информаци галморзахалле ю. Суна хаьа бортгIуллакхдархой муха кечбо, евза церан инструкцеш а. Царна бехкаш дохкуш, комментареш йоьшучу хенахь, дог лозу царех. Уггар коьртаниг, со теша, нах хIинца мукъна а кхетар хир бу-кх, тхо кеман чохь официанташ доцийла.

Рыковцева Елена: Со сайчунна тIера ера яц, адам кIелхьардаккхаран инстинктца догIуш дац, оцу адамо багаж чохь йолу неI схьа а йиллина, шен чамданах каеттар. Рефлекс ю иза цхьа кхечу кепехь. Мурманск гIале кадам бан лууш дара тхо. Татьяна, оцу хьолах хIун боху шу долчахь, инцидент кхачам боллуш толлур ю аьлла, дегайовхо юй?

Брицкая Татьяна: Карарчу хенахь гIали чохь шок ю массаргахь а. Иштта баларш хиланза дукха зама яра тхо долчахь. Авиацица дерг дика дара тхан, цхьа наггахь бен нислуш дацара цу тайпаниг. Тхан йоллу кIоштахь кхайкхийна тезет ду, кхаа дийнахь лаьттар ду и. Зезагаш кхоьхьу наха аэропорте, чIурамаш хIиттадо. Аэропорт къевлина яра йоллу буьйсанна, гергарнаш бен чу ца буьтура. Психологаш, лоьраш бара цаьрца болх беш, хIунда аьлча, цу кепара трагеди дуьххьара Iоттаеллера тхох, иштачу хьолехь хIун дан деза а ца хаьара.

Рыковцева Елена: Шереметьевохь а ю, Мурманскехь санна хIоттийна мемориал. Тахана Москван Iедалхоша деш долу гIо адеквате хетий хьуна? Губернаторо Воробьевс хьехош дара компенсацеш а.

Брицкая Татьяна: ХIинца мукъна а нийсонца, кхачам боллуш толлур ду аьлла хета. Даккхий ахчанаш лур ду аьлла, дIахьедина тхо долчахь, болх беш орцан министралла а ю. Наггахь бен ца хуьлу иштаниг. ХIокху яхначу буса ца тоьънарг хIун дара - кхачо йоллу информаци цахилар. Федералан каналашка хьоьжуш, официалан хьосташка ладоьгIучарна хезнера, берш кIелхьарбаха аьтто хилла аьлла. ТIаьхьо пассажираша яьхначу видеон кадрашка хьоьжучу заман чохь кхетара, кеман цIоганехь хиина цхьа а дийна хир вац аьлла. Со кхета, беллачийн тептар Талламан комитето Iора ца доккхуш хан яллийтарна, хIунда аьлча, кхузахь галвала йиш ма яцара. Амма массо а дийна ву, массо а кIелхьарваьккхина, йа 20 стаг велла, юха 41 ву эли. Доллу терахь хIинца а дIакхайкхонза ду. ХIунда аьлча, министро Скворцовас далон терахь 40 ду, тхан Мурманскан кIошто 41 ду аьлла. Дош дац иза. Кхи совнах информаци ца кхачайо гергарчаьрга.

Лукашевич Вадим: Кеманаш кхечу пачхьалкхашкахь бен охьаоьгуш дац, вай долчахь дерриг а кхачаме ду, цундела цу кепара негатив дика яц. Толаман де ду вайна герга кхочуш. Хаттар хIоттало: дийна воллушехь ваьгна 41 стаг, ткъа вай дахначу бIешерийн юккъехь хилла кхиамаш базбийр бу. Малхбузехь, хIара хиллачу хенахь, оцу меттигера еш трансляци яра, ткъа вай долчахь – Венесуэла. Хала хетахь а, адам цхьана а хIуман меха ца хета вайн пачхьалкхехь. Оцо кхерам тосу хьуна, жамIаш дан ма деззара хир дац-кх аьлла. Муьлхха а авиакатастрофан талламаш бечу хенахь бехкенаш ца лоьху, тIаккхахула цу тайпаниг ца хилийта барамаш лоьху. Цундела со кхеташ вац, хIунда боху транспортан министралло кеманаш совцо бух бац. Дийна воллушехь ваьгна 41 стаг – тоаме бух бац и? Даьгначу кеман чохь 18-чу меттиге хиънарг шен йоI яра аьлла, дагатаса транспортан министралло, тIаккха нийсо лелор ю, коьрто дика болх а бийр бу.

Материалан автор Рыковцева Елена

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG