ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсйчоьнан регионийн 30% гергга дозанех хаамаш шен тептаре дIаязбина Росреестро


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан дозанах болу хаамаш Юкъарчу пачхьалкхан ара-чу ца баккхалучу бахаман реестрна юкъатоьхна Росреестро (ЕГРН). Цунах лаьцна хаам бинчу цу урхалло бигладаккхарехь, 2019-чу шеран кхаа баттахь ерриг а цу тептарна тIехь дIаяьзбина Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь долчу 378 дозанах болу 112 хаам (29,63%)

Кадастран чоьно хаам барехь, Юкъарчу пачхьалкхан ара-чу ца баккхалучу бахаман реестрна юкъатоьхна Москохан а, Бурятин а, ГIалмакхойчоьнан а, Якутин а, Ханты-Мансийскан а, ткъа иштта Ямало-Ненецкан а автономан гонийн а, Пермь мехкан а, Амуран а, Астраханан а, Владимиран а кIоштийн а дозанах лаьцна хаамаш, яздо РБК-но.

Хьалхо Федералан кадастран чоьнан директоро Тухтасунов Парвиза хаам бира, нохчийн а, гIалгIайн а дозанах лаьцна хаамаш Реестрна юкъатохале цу урхаллан а, Оьрсийчоьнан Кадастран чоьнан а, Росимущество урхаллан а, Iаламан министраллан а, Къилбаседа Кавказехула министраллан а говзанчаша собар оьшу болх бира кадастран инженерашца цхьаьна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG