ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхо лоьхучух шех веш лаьтта "зуламхо"


Гуьржийчоь, Мачаликашвили Малхаз
Гуьржийчоь, Мачаликашвили Малхаз

Панкисехь дIахьочу операцехь вийначу 19 шо долчу Мачаликашвили Темирланан да Мачаликашвили Малхаз шеконашка эцна "террор дан Iалашо кхабарна" аьлла, дIахьедина Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан кхеташоно (СГБ) леринчу брифингехь. Стохка Стигалкъекъа-беттан 31-чохь цхьана протестан акцехь Мачаликашвилис, масех бIеннашкахь нахаца къайлахчу сервисийн гIишло чохь ша шен эккхийта чIагIо йина вара ша, делахь а, гуьржий шена дукхабезарна, юхавелира аьлла, дIахьединчул тIаьхьа цунна гонах таллам болийра.

2017-чу шеран ГIуран-баттахь Панкисин чIожехь вийначу кхиазхочун Мачаликашвили Темирланан да Мачаликашвили Малхаз цхьа могIа теракташ дан кечлуш хиллачух тера ду, цундела зуламаш дан план хIоттош хилла аьлла, иза шеконашка эцарх дIакхайкхийна. Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло йоьдучу леринчу брифингехь дийца даьккхина цунах. Хьукматан векало Гиоргобиани Нинос дIахьедарехь, терроран кхерам бухатохарца къайлахчу сервисаша барамаш дIахьочу юкъанна хиъна Мачаликашвилин планех.

Гиоргобианис бахарехь, Дедоплисцкарон муниципалитетан Земо Мачхаани эвлахь теракт дан дагахь хилла Мачаликашвили. Пачхьалкхан кхерамзаллан урхаллан куьйгалхочун гIовс лаьттинчу Гогашвили Иосифна дуьхьал деш хилла и зулам. Цул совнах, Гогашвилин ден коша тIехь дан лерина хилла эккхийтар. Мачаликашвили Малхазан вешин кIант – Мачаликашвили Морис (Гуссейн) ву аьлла цуьнца цхьана декъехь.

"Талламаш дIахьочу юкъанна гулдинчу тоьшаллашца а догIуш, къуьйсийла йоцуш тIечIагIдо, кху шеран Зазадоккху-беттан 23-чохь Мачаликашвили Малхаза Мачаликашвили Морисна тIедиллина хилар, доллу гIуллакх охьа а тасий, Гогашвили Иосифна тIаьхьавала аьлла. Морис тIекхиа везаш хилла, Гогашвили вехачу хIусамна а, цуьнан дIасавахарна а, ишта Земо Мачхаани юьртарчу кешнашка а вахана, Гогашвили Иосифан ден каш схьа а лехна, суьрташ даха дезаш хилла цо. Мориса гулйинчу информацин бух тIехь, кхи дIа ден долчух план хIотто езаш хилла Мачаликашвили Малхаза".

Ишта ду Гуьржийчоьнан кхерамзаллан кхеташонан векалан дIахьедар.

Къайлахчу сервисаша билгалдоккху, дан лерина хилла къиза зулам юкъахдаьккхина СГБ-н белхахойн ницкъашца аьлла. Талламчийн верси тIечIагIъеш, Мачаликашвили Малхазан Мачаликашвили Морисца хиллачу къамелийн аудиош Iораяьхна.

Мачаликашвили Малхаз (аьрру агIор), Мачаликашвили Морис (аьтту агIор)
Мачаликашвили Малхаз (аьрру агIор), Мачаликашвили Морис (аьтту агIор)

СГБ-но даредарца, оцу къамелашкахь цу шиммо нохчийн маттахь дийцаре деш ду, шаьш Гогашвили муха вуьйр ву: "Хьан коьрта чохь хила дезарг цхьа хIума ду, - Гогашвили: стенгахь ву иза, хIун лелош ву, стенга лела, стенгfхь Iаш ву…Оцу тIехь болх бе ахь…Нагахь хьо цхьанхьа ваха везаш хилахь, соьга ала: ваша, со эцца ваха везаш ву, суна ахча оьшу, и бу хьан болх. Кхи дерг хьайн коьртера дIадаккха. И цхьа стаг латтаве хьайн ойланашкахь... Мачхаани эвла ваха веза хьо, кешнашка, цуьнан ден каш лаха деза ахь. Стохка велла дIавоьллина иза. Климентий ю цуьнан цIе".

Къайлахчу сервисаша дIахьедарехь, оцу факташца доьзна кху беттан 7-чохь тIекхайкхина хиллера Мачаликашвили Малхаз хеттарш дан, амма тIеван дуьхьало йина цо. "Процессуалан низамашца дан оьшу гIуллакхаш" дийр ду шаьш аьлла ницкъахоша. Оцу гIуллакхан шолгIа фигурант – Мачаликашвили Морис тIеваханера.

Цул совнах, гIишлона герга еанера Мачаликашвили Малхазан хIусамнана Медико Маргошвили а. Зудчо бахарехь, СГБ-н дIахьедарш цунна хезна дац, иза яран бахьана - къайлахчу сервисийн куьйгалхочуьнца Гомелаури Вахтангца цхьанакхета лаам хилар ду.

Шен цIийндена бехкаш дахкарх дуьйцуш дIахьедина Маргошвили Медикос: "ХIун теракт дуьйцу аш? Шен кIант вийначунна ша гечдийр дац цо алар ду и? Со а яц цунна къинтIера ер йолуш. Сайн кIант вийначун бIаьргаш схьабохур болуш ю со. Ас ишта аларна хIинца со дIа а лаьцна, терроризмна бехке ян еза? Оцу садисташий? Аса бIаьргаш схьабохур бара Гогашвилин, и теракт ду? Царна чIогIа оьшура и теракташ, дукха юьйцу цара терроризм. Тхо террорхой дац, оха йа террорхой кхиош а бац. ХIунда бевлла уьш тхуна дуьхьал? Тхо чIожера арадаха гIерта уьш?".

Оцу юкъанна, Маргошвилис билгалдаьккхина, телефонан къамелашна тIехь терго латтош юй шен цIийндена хууш дара аьлла.

"Аш схьадийцарехь, сан цIийнда хьераваьлла ву-кх, телефонехула цу кепара къамелаш деш волу".

Шен керлачу статусех журналисташкара хиъначу Мачаликашвили Малхаза аьттехьа а тIе ца дитира, шена дохку бехкаш. Аудио цара шаьш кечйина ю аьлла, бехк СГБ-на тIехь буьту цо.

"Сан цхьа а кхетам бац, стенuахь дIавоьллина ву Гогашвилин да, йа иза мила ву а ца хаьа суна, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, со кхузахь лаьтташ ву, низамийн гурашкахь сан кIант вийначарна таIзар дайта гIерташ. Нагахь сайн ишта ойла хиллехь а (Гогашвили вен), сан хIун гIуллакх ду Мачхаанехь? Гогашвили Тбилисехь ма ву. Суна а, сан вешин кIантна а юкъахь а цу кепара къамел тасаделла дац. Фабрикаци ю иза. Цхьа монтаж ю-кх. Нагахь и ойла сан хиллехь а, со цхьана хIумано сацор вацара. Цхьа шой, ах шой ма ду со урамехь лаьтта", - аьлла Мачаликашвили Малхаза.

Шен дIахьедар динчул тIаьхьа, такси чу а хиъна, ша еххачу заманчохь лаьттинчу парламентан гIишлона хьалхара дIавахара Мачаликашвили. Ша воьду меттиг ца бийцира цо, ламаз дан дагахь ву алар доцург.

Хеттарш динчул тIаьхьа маьршаваьккхира Мачаликашвили Морис а. Цуьнан адвокато Кублашвили Мариама бахарехь, Мориса а, цо а куьйгъяздина, гIуллакхах деталаш Iорайохур яц аьлла. Амма бакъду аьлла адвокато, хIокху этапехь цхьана а кепара бахьана дац Мачаликашвили Морис дIалаца.

2018-чу шеран аьхка дуьйнна долийна бехкзуламан гурашкахь Мачаликашвилина дуьхьал гIуллакх талла. "Теракт", "Бакъо йоцуш герз латтор" аьллачу Гуьржийчоьнан Зуламан Кодексан шина артиклехь айдинчу гIуллакхца болийна талламаш.

Ткъа гIуллакх талламе даккхаран бахьана дара, парламентна хьалха йоьдучу митингехь, Мачаликашвилис ша шена эккхийтар дан дагахь вара ша СГБ-н гIишло чохь, амма тIаьхьо, гуьржийн къоме шен безам хиларна, юхавелира ша аьлла дина дIахьедар.

ТIаьхьа а Мачаликашвилис масийттазза дIакхайкхийра, шен кIант веран гIуллакх нийсонца таллийта, хIуъа а дан кийча ву ша аьлла.

Оцу юкъанна вийначу кIентан дац чIагIдора, ша луьйчуьра сацахь, Iедалхоша шена ахча а, кхечу пачхьалкхехь комфорте дахар а хуьлуьйтур ду аьлла, бохуш. Ткъа ша реза ца хилча, шантаж йолийра шена дуьхьал, машен чу герз кхоса гIерташ, ша новкъара ваккха гIерташ а аьллера цо.

Материалан автор Унанянц Владимир, "Эхо Кавказа" Радио

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG