ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мачаликашвили Малхаз: низамехь къийсам дIахьош четарехь вуьсуш ву со


Гуьржийчоь -- Мачаликашвили Малхаз. Тбилиси, 07Стиг2019
Гуьржийчоь -- Мачаликашвили Малхаз. Тбилиси, 07Стиг2019

"Четар чохь (Тбилисехь) вуьсуш ву ша, низамехь къийсам дIахьош", - яздина Facebook-чу шен агIонехь Мачаликашвили Малхаза, Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо терроран тIелатар дан дагахь хилла аьлла ша бехке вар хьокъехь.

Цуьнца цхьана, цо ша кийча ву боху, низамаш лардечу органаша ша дIалоцур хиларна, царна ша кхераме ву аьлла хетахь.

"9 бутт бу со Тбилисин юккъехь дийнахь а, буса а, шийла-йовха хилча а лаьтташ волу… Тахана со террорхо ву боху, 2 бутт хьалха суна дуьне гуттар къахьделча юкъана ас аьлла дешнаш бахьана долуш. Бакъ ду. Сан лаам бу сайн кIант вийначу нахах лаьцна алсам хаа. Амма дуй иза зулам дар?", - яздина Facebook-ехь Гуьржийчоьнан ницкъаллин структураша леррина полицин операци дIахьош вижина Iуьллуш хилла кIант вийначу ПIаьнгазарчу вахархочо.

Шен дахар дIадирзина дукха хан ю. Массерна а машар хуьлийла лаьа шена, яздина Мачаликашвилис.

Шинарин дийнахь Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо дIахьедар дира, Земо Мачхаани эвлахь долчу кешнашкахь теракт а йина, Мачаликашвили дагахь хиллера шен ден кошан тIехIотта веана Гуьржийчоьнан кхерамазаллан сервисан куьйгалхочун хьалхара когаметта хилла Гогашвили Иосиф а, цуьнан накъостий а байа аьлла.

Мачаликашвилин кIант Темирлан вийра ПIаьнгазахь полицин операци дIахьош болчу гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша 2017-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG