ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суна тIехьа хиллачех кхи цхьа а ара ца велира"


Даьгначу кеманчохь дийна висинчу цхьанца дина къамел

Москварчу Шереметьевон аэропортехь кху беттан 5-чохь даьгначу кеман чохь хилла Мурманскера бизнесхо Молчанов Олег шен хIусамненаца а. Салонан уггар а дукха нах баьгначу агIор хиллачу 12-чу меттигехь хиъна Iаш хилла иза. 11-чуьра 19-чу меттиге кхаччалц долу доза дIалаьцначу 42 пассажирах дийна висина 6.

Де хьалха, 4-чохь, кхечу авиакомпанин кеманца ваха дагахь хиллера Молчанов Олег Мурманске, юха а билет хийцинера цо. Свобода Радиоца хиллачу къамелехь цо дуьйцу, кеманах ткъес кхеттачу мIаьргонера дуьйна цIе а яьлла, дукхахболу пассажираш бала а леш, кема лаьтта охьадоссалц "Суперджетан" салонехь хиллачух.

- Муьлхачу хьолехь ву хьо а, хьан хIусамнана а, бохам хилла ши де даьллачул а тIаьхьа?

- Дерриг а дика ду.

- Хиллачух кхеттачул тIаьхьа, хIун бахьанашца шаьш кIелхьардевлла аьлла хета хьуна?

- Цхьа аьтто балар ду-кх иза…Ирс хилар…

- ХIинццалц схьа "Суперджет" йа "Аэрофлот" кеманех цхьана а кепара синхаамаш хуьлурий хьан?

- "Аэрофлот" – вайн пачхьалкхехь тоьлла компани ю аьлла, яра сан ойла. Дуьххьара кхечу компанин билеташ ма эцнера ас, юха а, уьш хийца а хийцина, "Суперджетна" ийцира ас. Вуьшта аьлча, кхи вон компанеш яц "Аэрофлот" а, йа "Суперджет" а.

- Доцца дийцахьа, кема гIаьттинчул тIаьхьа, муха яра ситуаци? Ткъес туьйхирий?

- Ткъес тухуш суна сайна а гира, со 12-чу гIант тIехь хиъна вара. Кеман тIомах кхийтира ткъес. Цул тIаьхьа кема духадерзийра, стюардессас хаамбира, техникан бахьанашца экипажан командиро кема аэропорте юхадига сацамбина аьлла. ТIаккха кема охьадахийта долийра.

​- Кеманах ткъес кхетта, бортгIуллакхдархочо хаам бинчул тIаьхьа, салон чохь муха лаьттара хьал?

Цхьа а цIийзаш а, йа мохь хьоькхуш а вацара, дерриг а штатан режимехь дара

- ХIаъ, паргIат хьал дара. Цхьа а цIийзаш а, йа мохь хьоькхуш а вацара, дерриг а штатан режимехь дара. Соьга хаьттича, тIех сихаллица догIура кема пурхнехьа, лаьтта кхача сихонца. Дуьххьара кема дIакхетча паника елира чохь, маьхьарий хьекха буьйлира. ШолгIачу а, кхоалгIачу а дIакхетарна юкъахь цIе яьллера со волчу агIор болчу кеман тIомах. Иллюминаторш а, мотор а, ерриг а лала йоьллера.

– Дуьххьара, кема дIакхетале хьалха, стюардаша дIахьедирий шуьга, кема дохаран бахьанашца охьадоссош ду, цхьанхьа гулдала деза аьлла, кхайкхамаш а бирий?

- ХIан-хIа, цхьа а команда ца делира тхуна. ХIунда аьлча, шен режимехь, детта а ца луш, охьадусуш ма дара кема, хIетахь цIе а яцара яьлла, йа бохам хир бу ала, гуш цхьа а бахьана а дацара. Кондиционер дIаяйра, бакъдерг аьлча, лергаш чу потт хIиттарехь, таIам шен барамехь латто аппарат а дIаяйначух тера дара. Цул тIаьхьа маьхьарий а детташ, паника яьржира.

- Мел ницкъ болуш дара дуьххьара кеман кхоссадалар а, дуьххьарлера цуьнан асанех дIакхетар а? Пассажираш лаззол ницкъ болуш дарий и кеман кхосадалар а, дIакхетар а?

- Суна хетарехь, адамна зен дойла яцара цо. ХIунда аьлча, оццул ницкъ болуш ца хилира и. Тхайн меттигера жимма дIасатуьйхира тхо, амма дIоггара къаьхьа де дацара.

Тамаша баллал ницкъ болуш дацара кеман дIакхетар

- Нах доьхканаш тесна бара, цундела кхи тIех ирх ца кхисира уьш?

- Кхечарех жоп дала ца хаьа суна, сайх а, сайн зудчух а дерг эра дара ас. Охашиммо доьхканаш дIатесна дитинера.

- Вайна ма-хаъара, цIе дуьххьара тIехьа яьлла, ишта хууш ма-хиллара, кIелхьарбевлла хьалха хевшина хилларш. Оцу шина декъа юккъехь дисина хилла шу. Муха нисделла аьлла хета хьуна, тIехьахилларш балар, хьалхарнаш дийна бисар? Ишта хIунда нисделла - те и доза?

​- Кеманах цIеяьллачу оцу процессехь, алу оьхура мотораш чуьра а, тIемашкара а. Алу етталора салонан тIехьарчу агIонах. КIур баржар а тIехьа дара, хьалха хевшина хилла нах арабовла дагахь дIаоьхура. КIелхьарбовла шансаш яра церан, хIунда аьлча, тIехьара трапаш елла а ца йиллира. Уьш йиллинехь а даха дог дацара, цIе марсаяьллера цигахь. Сан могIарера тIаьххьара араваьлларг со вар-кх. Суна тIехьа хиллачех цхьа а ара ца велира. Хьалхарчу метигашка хевшина хилларш бевлира, амма суна тIехьа хиъначех цхьа а ца велира. Оцу кIуьрлахь церан са дукъийна хилла хир ду аьлла хета суна.

- Ткъа хьалха хевшинчийн арабовлар муха дара? Хьалх-хьалхара дIа а вохуьйтуш, низамашкаъхь дара, йа массо а цхьаьне дIахьаьлхира?

- Интернетехь чамданех, тIеттаIиттабаларех а яздеш, дешна ас. Оцу суьртан со хиъначуьра а, йа араволучу хенахь а терго ца хилира сан. ХIунда аьлча, дукха хьолахь, голаш тIехь текхаш аравелира со. Суна цхьа а дуьхьало яцара неIаре текхачу заманчохь. Бизнес-классера нах арабохучу хенахь, тарло новкъарло вовшашна йина хила. Йа ца йина хила а мега. Цигахь хиллачаьрга хатта деза цунах.

- Голаш тIе а хиъна, текхаш аравала дезна-кх хьан, бизнес-класс йолалуччохь, йа кхи а хьалха дара и…

- Жимма хьалха хилла хила тарло. ХIунда аьлча, сан хIусамнанас шен куртка схьаийцира, охьатаьIна яра иза, аса хьалха дIатеттира иза, ирахь сайга садаIалур доцийла хаьа суна, Iаьржа кIур бара хьийзаш. 12-чу могIарехь хир вара со голаш тIе охьалахвеллачу хенахь, цигахь а гIоле яра садоIийла, амма гуш хIума дацара. Кхи а шина-кхаа могIна дехьа ваьлча, сайн ницкь оьшуш буй хааделира суна. Лаьтта охьа а вижна, сайн ма-хуьллу, къегачу асанашкахула бизнес-классна а, пилотан кабинин юккъе кхечира со.

- Ахь схьадийцарехь, мича ваха деза гойтучу аварийн асанаш йогуш, летта хилла-кх?

- ХIаъ.

–Оцу хIоьттинчу ситуацехь хьуна дукха хIума гина хир доцийла а хаьа, делахь а, бортгIуллакхдархоша оцу бохамехь шаьш муха гайтира? Олийла дуй, цара шаьш турпала гайтиа?

- Бакъду, тIаьххьалц борт тIехь бара уьш. Суна гиначарлахь ши йоI а, цхьа жимстаг а вара. Суна ца хаьа, варий-те иза билггал стюард, амма бакъду, тIаьххьара бен ара ца бевлира уьш кеманчуьра. ЧIогIа дика хьийзара уьш, адамаш арадохуш гIо дора цара.

- ХIара бохам хиллачул а тIаьхьа, авиакомпанига а, Шереметьевон орцанхошка а цхьана а кепара хеттарш дисиний хьан? Йа талламаш бина бовллалц, кхи совнах хIуммаъ а дийца ца лаьа хьуна?

- Хьажахьа, кхи совнах ала хIуммаъ ма дац сан цигахь. ХIора зен хиллачунна гIо а кхачийра, лоьралла а дира, цхьана а агIор цхьангара а баккха бехк бац сан. Дерриг а нийса дира цара, дан оьшург, суна хетарехь.

- Хьо трап тIехула охьавоьсира, тхуна гинчу видео тIехь, аренашкахь уьду адамаш. Кхи хIун хилира цигахь? Адамашна дуьхьал баьхкина нах барий? Терминалан хIусамна тIе буьгуш гIо дорий? Йа цигахь дисира шу, машенаш тIекхаччаре а хьоьжуш?

- Сан аравалар тIаьхьа нисделлера. Массо а арахьаьддачул тIаьхьа а, со кеманчохь вара, цундела аренца хилла ах нах бохург санна, уьш дIабигинера. Вуьшта, хIаъ, терминалера кемана тIе дIакхачош йолу автобусаш яра схьаоьхуш. Лоьраш балош яьхкина машенаш а яра дIалаьтташ, адамаш сиха гIо а кхачийна, дIасадаьккхира цигара.

-"Аэрофлот" компанино цхьана а кепара компенсаци лур ду аьллий шуна?

- Ас кхи ла а ца дийгIина цаьрга, бакъдерг дийцича. Селхана цIа кхаьчна тхо, набарна дIакхийтира. Телехьожийлехь хьахош хезира суна, кхи кIорггера цунах хууш хIума дац.

– ШолгIачу дийнахь дIадаха аьтто бина шун, ткъа "Аэрофлото" маьхза дигирий шу?

- ХIаъ, дера дигира маьхза. Оха цигахь хан йоккхучу заманчохь "Аэрофлото" юург а латтийра тхуна, оливье, гарзанаш, чорпа, юург яра шортта, цхьаммо къаьркъа а цхьана деанера тхуна. РогIера, Iуьйранна 7 сахьт даьлча доьдучу кеманца новкъадехира тхо. "Рэдиссон" хьешан цIийнан векал а вара аэропорте веана, цо шен хIусамехь дIатардира тхо.

- "Суперджетан" кема дара иза а?

- (Воьлу) "Аэробус А320" дара иза.

- И де шайн шолгIа дуьненчу довларан де санна билгалдоккхур хир ду-кх аша?

- ХIаъ, сайн рузмана тIехь дIа-м яздина ас и де.

"Коммерсант" газетано шинаридийнахь бинчу хаамца, 41 стаг а леш, "Сухой Суперджет" кеманна катастрофа хиларан коьрта верси ю - пилотийн нийса цалелар. ЦIераш хьулйинчу экспертийн хаамашна тIе а тевжина, хьостано яздарехь, коьрта ши гIалат ду цигахь - йочане хенан хIоттам боллушехь кема гIаттор а, кеманах ткъес кхеттачул а тIаьхьа, мехкадаьтта ара а ца кхусуш, кема охьахао сацамбар а.

Ткъа кхечу версица, билгалдаккха догIу, цаторийла хилла кема катоьхна охьадосо. Лаьттаца цхьа а зIе а йоцуш, мехкадаьтта кхачадолуьтуш хIаваэхь кхазар кхи а тIех кхераме ду.

Официалехь инцидент толлучара дийцарца, "Коммерсант" газетас а, РБК агенталло а Iорадаьккхина, кхи а масех пилотийн гIалатех: кема лаьтта охьахаийначул а тIаьхьа, кеман командиро кабини чохь кор диллина хилар. Корах дуккха а хIаваъ чу а оьзна, цо кхи тIе а цIе марсаяьккхинчух тера ду.

Ишта дуьйцу, кема сацийначул а тIаьхьа цуьнан мотораш болх бечуьра совцийна цахилар. Оцу бахьанашца а цIе алсам яьржина аьлла цара.

Оцу юкъанна, цIе яьллачул а тIаьхьа яьккхинчу видео тIехь гуш ду, шолгIа пилот, Кузнецов Максим шен кабиничуьра серийн мушца лаьтта охьа а воьсина, эвакуаци йирзинчул а тIаьхьа, юьйсинчу трапа тIехула кеман салон чу а вахана, кхи а цхьа пассажир кIелхарвоккхуш.

ТАСС агенталлан информацица, экипажан командир Евдокимов Денис а хилла нах кIелхьарбохуш, дIахIоьттина. ЦIаро вагийна, чевнаш йина иза Склифософскийн цIарахчу дарбан хIусамехь Iуьллуш ву.

Материал кечйинарг Крутов Марк. Радио Свобода

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG