ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазоша юхатоллуш ду Батукаев маьршаваккхар


Батукаев Iаьзиз.
Батукаев Iаьзиз.

ГIиргIизойчохь юхаталла долийна цу махкахь чувоьллина хилла Нохчийчуьра вахархо, криминалан гонашка дош лелаш ву бохуш вуьйцу Батукаев Iаьзиз хенал хьалха набахтера маьршаваккхарца доьзна бехктакхаман гIуллакх.

Талламхойн версица, меттигерчу могашаллин министраллан лаккхарчу даржашкахь болчу наха Батукаев маьршаваккха леррина сацам бина хилла, иза вон цамгар ловш ву аьлла.

И диагноз бухе а йиллина, 2013-чу шарахь Оханан -баттахь Нарынан гIалан кхело хенал хьалха маьршаваьккхира нохчийн тутмакх, цунна ваха дукха хан ца йисина аьлла.

Оццу шарахь лоьраша делла кехаташ харц хилла аьлла, ГIиргIизойчоьнан коьртачу прокуратуро Оьрсичоьне дIавийхира Батукаев. Амма иза дан аьтто ца хилиара. Цу хенахь "криминалан инарла" хан токхуш вара Нохчийчохь, бакъо йоцуш герз лелорна.

Батукаев маьршаваккхарца доьзначу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву могушаллан министраллехь болх бина ши стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG