ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Павлюченков хенал хьалха набахтера аравалийта реза ца хилла кхел


Павлюченков Дмитрий кхелехь.
Павлюченков Дмитрий кхелехь.

Рязанан Москох кIоштан кхел реза ца хилла хенал хьалха набахтера аравалийта "Новая газетан" журналист Политковская Анна юьйш дакъалацарна чувоьллина волу Павлюченков Дмитрий, хаам бо ТАСС агенталло.

"Суьдо сацам бина, иза хилийта йиш яц аьлла", - хаам бина агенталле кхелан зорбан секретаро Шаблова Викторияс. Ша тутмакх кхелан сацаме ладугIуш вара видеозIенехула Скопино гIалахь йолчу ша хан токхучу колонехь.

Павлюченковн суьдехь гӀо лоцу агӀо дагахь ю цу сацамна латкъам бан.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохор толлуш хиларца евзаш йолу "Новая газетан" журналист Политковская Анна йийр Москох 2006-чу шарахь ГIадужу-баттахь.

Милцо хилла Павлюченков воцург и зулам дарна чувоьллира Гайтукаев Лом-Iела а, милицин белхахо хилла Хаджикурбанов Сергей а, МахумудовгIар Рустам а, ИбрехIим а, Джабраил а. Гайтукаев тIаьхьо велира колонехь.

Журналист ен кост динарг къастийна вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG