ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга гIо доьху тутмакхо Черкесовс


Черкесов Аслан.
Черкесов Аслан.

Москох футболан фанат Свиридов Егор верна бехке а вина, Красноярскехь 17-гΙа номер йолчу колонехь шен тоьхна 20 шо хан токхуш волчу гΙебарточо Черкесов Аслана кхайкхам бина цхьаъ дан таро йолчу нахе колонешкахь а, набахтешкахь а бусалба нехан бакъонаш ларъяйта гIо дахьара аьлла. Цу хьокъехь шен адвокатца хиллачу цхьаьнакхетарехь видеокхайкхам язбина цо.

Цо хьехочу нахана юкъахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Кху лараме Мархийн баттахь, кхайкхам бо ша, цхьа муьлхха ялахь а комиси а кхоллий, сихонца юкъагIортахьара шу, боху Черкесовс. Цо дийцарехь, колонин администрацино шен хеннахь ламаз ца дойту цуьнга а, кхечу бусалбанашка а, низамашца догIуш дац бохуш.

Хьалхо Черкесовс видеокхайкхам бинера адамийн бакъонаш ларъярхошка гIо дар доьхуш. Цо латкъамаш бо ша набахтехь вуно къиза етташ хьийзош ву бохуш.

ФСИН-ан (ТаIазарш кхочуш дон федералан сервис) а, ша латточу колонин а белхахойн цIераш а йохуш, Черкесовс дуьйцу, шена етташ хиларх а, кхерамаш туьйсуш хиларх а лаьцна.

«Уьш берш бевзар бу», - боху цо. Черкесовс иштта латкъамаш бина шена психотропан молха чохь долу мехий диттина аьлла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG