ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ичкерин ямартхойх" хаамаш гулбеш ду Телеграм-канал


Telegram мессенджерехь t.me/yamarthoy канал гчуяьлла, "Предатели ЧРИ. Враги чеченского народа. Пехотинцы, рабы и просто лизоблюды" цIе а йолуш. Шайн цIераш ца йовзийтинчу авторша хаам бо шаьш "хIуманаш лайна гIашсалтех" лаьцна хаамаш гулбеш ду бохуш. Гарехь, буьйцурш бу Нохчийчохь карарчу хенахь долчу Iедалан гIуллаккхой а, ницкъаллин структурийн белхахой а, яздо Кавказ.Реалиино.

Шаьш гулбина хаамаш а, бинчу талламан жамIаш а шайн каналехь арадохур ду шаьш, боху цуьнан авторша. Карарчу хенахь цу каналехь арахецна ю йозуш йоцчу Нохчийчоьнна дуьхьал хьалха тIом бина я карарчу хенахь махкахь Оьрсийчоьнан политика чекхйоккхуш волчу маситта стагах лаьцна информаци.

Т.me/yamarthoy каналане хIинцале а дIаязвелла ву 2 эзар сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG