Криминалан гонашка дош лелаш ву бохуш вуьйцучу Батукаев Iаьзизан гIуллакхехула кхин а 3 стаг лаьцна ГIиргIизойчохь, хаам бина "Суьйренан Бишкек" сайто, низамаш лардон органашна тIе а тежаш. Болчу хаамца уьш берш лоьраш бу.
2013-чу шарахь Оханан -баттахь Нарынан гIалан кхело хенал хьалха маьршаваьккхира нохчийн тутмакх, цунна ваха дукха хан ца йисина аьлла. "Суьйренан Бишкеко" яздарехь, кхелера араваларца, "Манас" аэропорте а вахана, долахь долчу кеман тIехь йитира цо ГIиргIизойчоь.
Амма кестта лоьраша делла кехаташ харц хилла аьлла, ГIиргIизойчоьнан коьртачу прокуратуро Оьрсичоьне дIавийхира Батукаев. Амма иза дан аьтто ца хилиара. Цу хенахь (2014-чу шарахь Товбеца-баттахь) 53 шо долу "криминалан инарла" хан а тоьхна чувоьллира Нохчийчохь, бакъо йоцуш герз лелорна (маьршаваьлла 2017-чу шарахь).
Кху шара юхаталла долийначу Батукаев маьршаваккхарца доьзначу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву могушаллан министраллехь болх бина ши стаг.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!