ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Риэлтор Ш. а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан нанойн бIаьрхиш а


Iедало луш долу "ненан капитал" сетификатца оцу цхьана наха лелийна харцо бахьана долуш, шайн бахамах девлла шаьш аьлла, ницкъаллийн структурашка латкъамбина Кхарачойн-Чергазийчуьрчу масех доьзало.

Церан массо а дIахьедаршкахь билгалдаккхарца, цхьа риэлтор хилла цаьрца болх бийриг. Оьрсийчоьнан хьукматийн коьрта реестран (ЕГРЮЛ) тептарехь бизнесхо санна дIаязйина ю и зуда. Доккхачу декъанна, цуьнан декхарш ду, ара-чу ца баккхалун бахам оьцучу, бухкучу хенахь юкъарло лелор.

Ненан капиталца курхаллаш ишта лелайо: риэлторш ду шаьш бохучу наха юкъарлонаш лелайо, сертификат юкъа а далош, духалург ахчанаш лучу кредитан кооперативашца. Оцу кооперативо шен клиентна ахча ло, цул тIаьхьа декхар дIатокху ненан капиталан чоьтах. "Заем" лун кехаташ кечдинчул тIаьхьа, кооперативо шен клиентан чоьта тIе дIахьажадо ахча, ткъа тIаьхьо шен ахча схьаоьцу цо Пенсин фондехула сертификат тIера. Цу кепара процедура Iедало тергонехь латтош ю, нагахь и сертификат кхачийначу беран 3 шо дузаза делахь. Эццигахь гучуйолуш ю харцо.

Клиенташка документашна куьйгаш яздойтучу заманчохь, хIилланчо тешаво иза, банкера ахча схьаэца бакъо шена юьтуш, куьйгъяздан деза бохуш. Iехийначу нахана ца кхочу йа ахча а, йа ара-чу ца баккхалун бахам а, "риэлторша" зIе хадайо клиенташца, шайн Iалашо кхочушхиллачул а тIаьхьа.

Латкъамашкахь цIе яьккхина риэлтор Ш. юкъарлонаш лелош ю Ставрополан кIоштарчу кредиташ лучу кооперативца. Шен клиенташца болх бечу юкъанна, цхьана документ тIехь шен куьйг ца таIадо цо. Ша ахча а луш, балхана юкъабалийначу нахана тIехь дуьту цо и декхар.

Цхьацца йолчу меттигашкахь оцу риэлторна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьало йина. Бакъду, цо балха эцна цхьа зуда бехкала хьарчийна. Церан карах шен сертификатах яьллачу Охтова Галимата дукха къахьийгира, иза таIзаре хIоттаяйтархьама. Шеца а, шен йоIаца Карова Анжеликица а юкъахь болх беш кхо зуда яра, оцу тобанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдар доьху цо. Ишта Охтовас тIедожийна, шен ахча юхадалар а.

"Суна бевзачу наха еллера суна риэлторан Ш. контакташ. Сан йоI могуш яц, дог лозуш ю иза. Сан йоьIан кIант а ву цомгуш. Ненан капитал эца бакъо еллера сан йоIана. Юкъарчу хIусамехь чоь оьцуш гIо дехнера оха оцу риэлторе, - дийцина "Кавказ.Реалии" портале Охтова Галимата. Ша и риэлтор а, цуьнца цхьана кхи ши зуда а яра тхоьца болх беш. Сан йоIа документашна куьйгъяздечу хенахь, харцонца кхи цхьа кехат тIечIагIдайтинера цара. "Связь-Банкехь" ахча схьаэца бакъо шегахь юьтуш документ хиллера иза. ХIусам эца хьажор ду ша и ахча аьлла, тешийнера цара сан йоI".

Цо дийцарехь, йа чоь юхкучун цIартIе а ца даьккхина риэлторо ахча, йа кхуьнан йоIана дIакхачийна а ца хилла.

"Эххар а, риэлторца Ш. болх беш хиллачу оцу шина зудчо даредира, шаьш ахча шайна дитина аьлла. Кехатца тоьшалла дира цара, шаьш ахча юхалур ду аьлла. Амма тахана а тхан кара кхаьчна сом а дац. К. цIе йолу зуда жоьпалле озийна, жима 5 бер ду цуьнан, цуьнан цIартIехь цхьа а бахам а бац", - аьлла Охтовас.

Черкесскерчу талламчас Эбзеев Ислама комментарий елира, оцу гIуллакхах лаьцна. "Бехкзуламан гIуллакх долийна К. цIе йолчу цхьана зудчунна дуьхьал. Амма прокуратурано юхахьажийна иза а, кхачо йоллуш таллар тIе а дуьллуш", - аьлла Эбзеевс.

Цхьана а кепара оцу гIуллакхах дийца реза ца хилира бехкейийриг. "Со дуьхьал ю. Цхьа а комментари лур яц ас. Соьга телефон а ма етта, прокуратурас къастаде, шена хьашт делахь", - аьлла зудчо "Кавказ.Реалиига".

Республикерчу кхи а цхьана зудчо Сакиева Заремас а яздина Талламан комитете арз.

"2017-чу шарахь риэлторе Ш. дехар динера ас. Московский олучу эвлахь документашца петар а елира суна. Амма оцу хIусаман долахочо ша петар йоьхкина яц боху. Цо мукIарло дина, приватизаци яйта дагахь деллера ша шен кехаташ, амма Iехийна ша оцу наха аьлла. Инсулинах йоьзна ю сан йоI. Петар йохка-эцаран бертан куьйгаш а яздинера оха. ХIусам схьаэца езачу хенахь, риэлтор Ш. къайлаелира, сайн документаш ас схьадехча, цо боху "дайна уьш". Полицига, прокуратуре, Талламан комитете елира со. Усть-Джегутинскан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъе дIахьажийра сан гIуллакх листа. Цкъачунна талламаш беш бу. И петар сан цIартIехь ю аьлла, тоьшаллин дубликаташ кхаьчна соьга", - дийцина Сакиевас.

Оццу махкарчу яхархочо Саркитова Софьяс "Кавказ.Реалии" портале дийцина, риэлторца Ш. гIуллакх деанчул тIаьхьа, шен доьзал хIаллакхилла аьлла.

"Цхь йоккха истори ю хIара. Оцу риэлторца, нагахь цуьнах ишта олийла делахь, дийца долийнера оха тхайн гIуллакх. ЦIа эца дагахь дара тхо. Тхан чуьрчу шина несана бакъо еллера ненан капитал эца. Томехь цIа а карийнера тхуна эца, цуьнан долахочо магийнера тхуна риэлтор Ш. Цунах тешначу оха оьшучу кехаташна куьйгаш яздира. Сан несан цIарах ипотека а кечдира цара, бакъду цхьа а ара-чу ца баккхалун бахам цуьнан цIартIе ца баьккхира. 470 эзар сом ахча шайна дIаэцнера. Кредит такхар тхуна тIехь диссина, хIора денна банкера телефонаш етта тхоьга. Сан цIийнда комехь Iиллира цул тIаьхьа. Ледарчу хьелашкахь дехаш ду тхо, сан пенси дIа а луш, мехах нехан хIусамехь Iаш ду тхо. Ша еха меттиг риэлторо даим а хуьйцуш ю. Кехат дитина цо, ша тхуна 800 эзар сом декхар ю аьлла. Нотариусо тIе а чIагIдина, кехат ду и. Амма ахча схьалуш яц иза, ткъа документан хан чекхйолуш ю", - дийцина Саркитовас, тайп-тайпанчу структурашка латкъамаш бина ша, амма гIуллакхах йист йолуш яц аьлла, тIе а тухуш.

Оцу юкъанна, полисхошна дика девзаш ду хилларг, ненан капиталца шайца лелийна курхаллаш бахьана долуш, кхечу меттигерчу бахархошкара а аьрзнаш кхаьчна цаьрга.

"Бакъду, оцу риэлторо лелийначунна чуделла аьрзнаш ду. Нагахь талламан органашка а цара латкъамаш кхачийнехь, луьстуш хир бу уьш, хан ма оьшу зерашна. Кхи информаци яц", - аьлла ницкъаллийн структурашкарчу хьостано.

"Кавказ.Реалии" порталан аьтто ца белира шеца риэлторца къамел дан, ша Iехийначу нахах а санна, къехкаш ю иза журналистех а.

Ала догIу, оцу риэлторца юкъарлонаш лелийначу Ставрополан кIоштарчу кредитан кооперативо, шен юкъаметтигаш хедийна. "Кхарачойн-Чергазийчоьнца кхи дIа гIуллакх догIуш дац тхан. Тоххара тхан векал вара цигахь, хIинца вац", - аьлла "Кавказ.Реалиига" организацин белхахочо.

Ненан капиталца лелийна курхаллаш бахьана долуш, нахана зенаш дина меттигаш хьалха дуьйна бу республикехь. Масала, стохка Гезгамашин-беттан 13-чохь Усть-Джегутинскан кIоштан кхело Байрамукова Маринин а, Гатаева Заримин а, Алиева Салимин а бехк тIечIагIбеш, сацам дIакхайкхийра, хаамбира республикерчу прокуратуран пресс-гIуллакххоша. Ненан капиталца лелийна хьарамлонаш бахьана долуш, 1 милионн 180 эзар сом лачкъийна хилла цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG