ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн жигархо лаьцна Минскерчу аэропортехь


Минскера аэропорт.
Минскера аэропорт.

ГIалгIайн юкъараллин жигархо Нальгиев ИсмаьIил цхьана ханна чувоьллина Минскан Октябран кIоштан изоляторна. Европе ваха кеманна тIе хууш иза лаьцна Беларусин дозанхоша кхаарин сарахь Минскерчу аэропрортехь. Нальгиевна бехке дуьллуш ду Беларусин миграцин низам дохор.

Болчу хаамца, пIераскан динйнахь гIалгIайн жигархочун гIуллакх луьстур ду кхело.

Нальгиев вара Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш тIеэцначу низамана дуьхьал митинг вовшахтоьхначерах цхьаъ. ГIалгIайн дуьхьалонан боламан куьйгалхой лецначул тIаьхьа царна тIехIоьттина Нальчикехь ша цхьаъ лаьтта пикет дIаяьхьира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG