ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ночийчоьнца доза нисдан дагахь Дагестан хIара шо чекхдалале


Махачкала. Iедалан цIа.
Махачкала. Iедалан цIа.

Нохчийчоьнца а, кхечу луларчу регионашца а долу шен дозанаш нисдеш белхаш бар хьокъехь къовсам дIакхайкхийна Дагестанан Iедалан векалша. Цу балхана 6 сов миллион сом хьажо дагахь бу уьш.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, доза билгалдоккхуш болх болийнера Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалша кхоьллинчу белхан комиссино. Карарчу хенахь и болх сецна бу. Оццу хенахь Дагестано шен дозанаш билгалдаккхарца боьзна болх бу дIахьош ГIалмакхойчоьнца а, Ставрополан мехкаца а.

Къовсамехь толам баьккхинчара дозанца боьзна белханш бар дIадерзо дезаш ду кху шеран ГШура-беттан 15- де тIекхачале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG