ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бохамашкахь кхелхина махкахой дагалоцуш ю Нохчийчоь


Нохчийчохь тахана дагалоцуш бу депортацин шерашкахь а, махкахь хиллачу шина тIамехь а, ткъа иштта кхин а хьалха нохчийн исторехь хиллачу бохамашкахь кхелхинарш.

Стигалкъекъа-беттан 10-гIа Дагалецаман а, халахетаран а де хир ду аьлла сацам бира 2011-чу шарахь Оханан-баттахь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цу дийнахь къоман исторехь хиллачу бохамашкахь кхелхина нах дагалоцуш Нохчийчохь массо а маьждигашкахь доIанаш а до, мовладаш а доьшу, зуькарш а до, сагIанаш а доху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG