ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мачаликашвили: "Сан цIийнда къарван гIерта уьш..."


Панкисин чIожехь лерина операци дIахьочу заманчохь вийначу 19 шо долчу Мачаликашвили Темирланан да, Мачаликашвили Малхаз террорхо ву аьлла, дIакхайкхийна. Лацаза ву Малхаз, пIераскандийнахь Iедална тIеваха везаш ву иза. Цуьнан хIусамнанна Мадинина хетарехь, сабIарздина, оцу хьоле валийна ву иза. Нийсо къуьйсу Малхаз, шен сингаттамна дуьхьал цхьа барт а хилла гIаьттинчу ницкъаллийн структурех а, Iедалан бендацарх а Iоттавелла.

Умарова Амина: ХIун бахьана го хьуна, зуламхо лоьхучу Малхазах зуламхо варан?

Мачаликашвили Мадина: Массара а дийца даьккхина хIара, Гуьржийчохь а, пачхьалкхал арахьа а цхьана. КIант вийначу ден а, ненан а цхьа хаттар ду: хIун бехк бара тхан кIентан? ХIун дина аьлла, вийна иза? Оцу хаттарна жоп луш дац тхуна. Жоп ца ло цара йа адвокатан а, йа омбудсменан а тIедехарна а. Панкисехь а, йоллу Гуьржийчохь оцу хаттарна жоп оьшу: хIун бехк бара Темирланан?

Вийначу кIентан да Мачаликашвили Малхаз
Вийначу кIентан да Мачаликашвили Малхаз

Массо а инстанцешка дахарх тIаьхьара доху тхо. Кхеле доьлху: прокуратурано жоп лур ду шуна олу. Прокуратуре дIакхочу, цигахь олу, кхеле гIо, цигахь жоп лур ду шуна. Цхьа шой ах шой хан ю-кх тхан хаттарна царна жоп ца карадо. Цхьаьннан а дац оцу хаттарна жоп. Нагахь хууш делахь а, тхоьга схьаолуш дац. Тхуна хуург хIун ду - спецопераци дIахьочу заманчохь цунна герз тоьхнарг спецназхо хилар. Тхо цигахь дацара, цундела хуийла дац, мила вара герз тоьхнарг. Цуьнга хеттарш дан ма дезара, герз тохаран бахьана а дуьйцуьйтуш. Амма иза дIалаьцна вац, я цуьнга бартхаттам бина а бац. Таллама а ца бина. Иза вен а вийна, дIабахна уьш. ХIунда вийна иза шайга хеттарх, Iедалхоша луш жоп дац.

​Умарова Амина: Хьуна хIун аьлла хета, хьан цIийнда терроризмна хIинца бехкеваран хIун бахьана ду?

Мачаликашвили Мадина: Сан цIийнда къар ца валарна, цунна питана дан гIерта уьш. Цхьа бутт хан ю Фейсбук олучу социалан машанехь Гогашвилина наха тхох лаьцна вон хIуманаш язден, тхоьгахьа хиллачу нахе тхуна букъ тохийта, уьш тхуна дуьхьалбаха Iалашонца лелош ду и.

Темирлан бехке вара, тхо а бехке ду бохуш яздо. Низамашкахь сан цIийндас протест латторна а, низамехь хиллачу цуьнан тIедахкаршна а дискредитаци ян гIерта шайн ма-хуьллу. Кхерамаш а тийсира. Тхан нахехула хабарш кхоьхьуьйтура, иза къарван дагахь, дерриг охьа а тесна, пачхьалкхера иза вадийта лууш.

Нагахь хьо дIаводахь, жимма хан а ялийтина, шаьш Темирлан бехке цахилар дIакхайкхор ду а бехира. Хилларг хилла даьлла, хIуммаъ хийца ницкъ бац. Ишта Гуьржийчуьра иза дIавахийта хьийзира. ТIаьххьара а юкъалелачуьнга кост даийтира, къайлахчу петар чохь Малхазца цхьанакхета лууш ву чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гагария Георгий аьлла. Малхаз дуьхьал хилири цига ваха, шена цхьа провокаци ярна кхоьруш. Терроризман бехк цунна дуьхьалбаккха кIира дисинчу заманчохь, хаьхкина йоьду цуьнан машен харцаза йисира.

Хьалхара чкъург кхаа меттигехь хадийна хиллера цуьнан. Дуьхьал йогIучу кир дIасакхоьхьучу фурех а, кхи цхьана жимчу машенах а кхетта йисинера цуьнан машен. Цхьа Делан къинхетамца уьш берриш а дийна бисинера, ткъа машен йохийра. Хедийначу чкъурган сурт а ду тхоьгахь. Парламентна хьалха ма латта бохуш, чIогIа дехарш дира сан цIийндега. Нохчаша чIир хьейо бохуш, бехкаш а дехира тхоьгара. Доцца аьлча, тхуна дуьхьал ца доккхуш хIума ца дитира цара, Малхаз къар а вина, нийсо цуьнга ца къийсита. Оцу юкъанна иза хIаллакван а гIиртира уьш. Гуьржийчуьра йоллу диаспора меттахъяьккхина ахь бохуш, дуьхьал диттира. Шен тIедахкаршца ша Европе вер ву аьлла, цо дIахьединчу шолгIачу дийнахь терроризмна бехкевира иза.

Умарова Амина: Гуьржийн Iедалшна стенна оьшу и?

Мачаликашвили Мадина: Шен кIант бахьанехь Малхаза латто къийсам юкъахбаккхийта, цуьнан бага дIасацорхьама цхьа бахьана а хьовзийна, иза чуволла гIерта уьш. Гогашвилис куьйгалла а деш, дIаяьхьна и лерина операци. Иза а ву тхуна бехкаш дохкуш, Темирланна герз тоьхна спецназхо бехке ца веш.

Малхаза шен вешин кIантаца дина къамел ду аьлла, аудио Iораяьккхина цара. "Уьш хIаллакбан беза" алар бахьана долуш, террорхо вина цунах. Наб еш хиллачу кIантах а террорхо вина цара. Йоллу Гуьржийчохь а атта олу нохчочух террорхо. Цхьа кега-мерса юхахьаралелар гучудалахь, нагахь бехке нохчо хуьлий, иза террорхо ву олу.

"Гогашвилигара жоп деха деза низамехь" аьлла Малхаза. Гуьржийн матте даьхна и дешнаш "теракт дан деза" цо аьлча санна. Со кхеташ яц, уьш тхоьгара хIун лууш бу. Йа лаьа-те царна, Панкисехь массо а протесте а гIевттина, Iедалхошкахьа а бевлла, тхо терроризмна бехкедан?

Тхан гIора а эшийна, тхо совцо гIерта уьш. Тхо гIелделла, чIогIа гIелделла тхо. Тхуна кхи некъ буьтуш бац цара.

Умарова Амина: Гуьржийн Iедалхой паьнказхошца озабезаме бац аьлла хIунда хета хьуна?

Мачаликашвили Мадина: Делаца дуй боу, ишта ойла хилла-кх тхан. Ткъа кхи хIун хетар ду? Цхьа хIума эккхашехь, вайн къомах стаг – террорхо ву олу цара. Йоллу Гуьржийчохь а уггар а маьрша меттиг ма ю хIара - кхузахь къоланаш дац, паргIате мохк ма бу хIара Панкиси. Бакъду, Iедалхоша дIахьедарехь, уггар а синтемза регион ю хIара. Ламаз до, марха кхобу, балха лела. Тхо паргIат деха кхузахь, ткъа Iедалхой синтемза бу-кх ишта хиларна. Тхо кхузахь даха ца дитарна кхоьру тхо. Тхо кхузара арадаха гIерта уьш, йа тхуна дуьхьал къийсам баккха гIерта уьш, со кхеташ яц церан Iалашонех.

Умарова Амина: Гуьржийчоьнан Iедалхойн цхьана а кепара билггал стратеги яц Панкисица а, йа паьнказхошца а, цундела нисло церан и тIаьхьий, хьалхий гIалаташ боху. Панкисера нохчийн кхиазхой Шема дIаэхарца доьзна-м дац-те иза?

Мачаликашвили Мадина: Тхо Гуьржийчохь дехаш ма ду, Гуьржийчоь тхан мохк ма бу, оха гуьржийн Iедал а тIеоьцуш ма ду. ХIетте а Гуьржийчоьнан йоллу регионашлахь а Iедало тхох террористаш олу. Алахьа, Шема муха кхочу 15-16 шо а кхачаза болу кхиазхой? Карахь паспорт а доцуш доза хададойла юй? Оццу хеннара, къен, аьтто боцчу доьзалашкара бераш ма оьхура Шема, дена-нанна хууш хIума а доцуш. Тхан регионера а вахара цига 35 кхиазхо. Дийцахьа, муха боьлху уьш? Хьенан гIоьнца, кхетий хьо? Цхьа 2-3 шо ду цига оьхучуьра севцца. ДIадижинера и гIуллакх а. ХIинца Темирлан бахьана долуш юха а нохчашнна тIе сингаттам боьсина. ХIора денна автобусаш тIехь Iедалан тайп-тайпана векалш оьху тхо долчу, кхузара хьал талла, тергонехь латто, хIун ойла ю-те кхеран бохуш, хаа лууш. Амма тхоьгахь информаци яц, церан планех.

Материалан автор Умарова Амина

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG