Москох велла журналист Доренко Сергей. Мотоцикл хехкина вогIуш, вон а хилла, охьакхеттачул тIаьхьа дарбанан хIусаме дIакхачийна волу иза велла, кхин метта ца вогIуш.
Доренко 1985 шарахь дуьйна болх беш вара ВГТРК а, ОРТ а телеканалашкахь. ТIаьхьарчу хенахь иза вара «Говорит Москва» радион коьрта редактор.
Журналистан дара 59 шо.