ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн блогер аравоккхуш ву Беларусера


Беларусера аравоккхуш ву кху беттан 8-чохь Минскерчу аэропортехь лаьцна гIалгIайн юкъараллин жигархо, блогер Нальгиев ИсмаьIил. Цу тайпа сацам бина Минскан Октябран кIоштан махкалла даларехула а, миграцин а декъо. Цунна дихкина 10 шарахь Беларусе вар.

Цкъачунна билггала хууш дац хIун бахьана долуш сацийнера Беларусин дозанхоша Праге ваха новкъаваьлла гIалгIайн оппозицин декъашхо.

Беларусин зорабанан гIирсаша яздарехь, Нальгиев саготта ву Оьрсийчохь шен дахар кхерамехь ду бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG