ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулаев Леча. Ас жайна яздина…


АБДУЛАЕВ ЛЕЧА
Ас жайна яздина…


Ас жайна яздина,

схьагарехь, бовш болчу маттахь.

Цхьайолу шеконаш, цхьадика! –

хье а лой йогIу.

Ас жайна яздина,

схьагарехь, леш болчу маттахь,

и гуттар хирг хиларх

шеквала дага ца догIуш.

Ас жайна яздина.

Цхьа пайда боцуш довр дац и:

Чуьрк къахко дика ду,

вохвеллехь, хир ду мох тоха.

Луъург де цу жайнах.

ца йичахьана цхьа харцо:

Мел оьгIазваханчо

сан жайна, «герз» дай, ма тоха.

Ас дина йозанаш, –

шаьш дарна бовш болчу маттахь! –

КъинтIерадовла там бу суна,

цхьа хьесап дина:

Ас жайна яздарца, –

яздинехь а леш болчу маттахь! –

Сайн ненан маттана, дош дижа,

Маьлхан каш дитна.

XS
SM
MD
LG